ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн батальонан тIемалошна санкцеш кхайкхийна Украинехь


Шайхан Мансуран цIарах йолу нохчийн батальон. Архивера сурт

Украин президента Зеленский Владимира шен указаца тIечIагIбина Шайхан Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан командиран ЧIеберлойн Муслимна а, оцу тIеман тобан масех тIемалочунна а дуьхьал санкцеш кхайкхош бина Къоман кхерамазаллин кхеташонан сацам. Цунах лаьцна дуьйцуш ду №203/2021 указан приложенехь, хаам бо Кавказ.Реалиино.

"Ши бутт хьалха (Украини агIор) тIеман хиламийн декъашхойн кехаташ делира тхуна, ткъа хIинца къуйн цхьана могIаре нисделла тхо", - аьлла батальонан векало Кавказ.Реалиига.

Санкцеша доьхку Украинин территори тIехь инвестицеш а, банкан опреацеш а яр а, пачхьалкхан долахь болчу бахаман приватизаци еш дакъалацар а, кхидерш а.

Нохчийн батальонан тIемалой юкъатоьхна 700 стагах лаьттачу, шайна юкъахь Украинин малхбалехь кхоьллинчу сепаратистийн ДНР" а, "ЛНР" а олучу тобанийн а, аннекси йинчу ГIирман а лидерш а, Закавказьера республикийн а, Оьрсийчуьра а криминалан авторитеташ а болчу тептарна.

  • Шайхан Мансуран цIарах йолу батальон Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташна а, Оьрсийчуьрчу мехах лецна болчу тIом бечу нахана а дуьхьал лаьтташ яра 2015-2019-чу шерашкахь Мариупольна гергахь (Донецкан мохк). Оцу тIеман декъо официалан кепара герз охьадиллира 2019-чу шарахь, делахь а иза юьусуш ю шина агIоно ницкъаш юхабаьхначу дозанна гергахь шен базехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG