Москварчу Мещански кхело лаьцна латтон хан дIа ца яхъеш, изоляторера арахецна антифашист Сугута Алексей йиттина вийна Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а виъ вахархо: Адаев Сайхан, Гулоев Ахьмад, Балиев ИбрахIим, Садаев Аслахан. Оцу хьокъехь хаам бо "Новая газето".
ДIахецначул тIаьхьа и нах къайлабовла тарло Кавказан республикашкахь, дIахьедина веллачун агIончех йолчу Сидоркина Светланас. Девнан материалаша бахарехь, изоляторера дIахецначех цхьаьннан хIусам а яц Москвахь, я болх а, доккхуш ахча а дац. Делахь а кхеланна уьш лаьцна кхабар "маьIна доцуш" карийна, цундела арахецна изоляторера.
Веаннах кхаанна тIебаьхна адаман могашаллина доккха зен дарх болу бехк – тоха тарло набахтехь такха 12 шаре кхаччалц хенаш. Ткъа Гулоев Ахьмадна бехке до ларамза стаг вер – 2 шаре кхочуш ю цунна тоха тарлуш йолу хан.
- ДIадахначу шеран Герзгамашин-баттахь антифашист Сутуга Алексей велира Москвахь дарбан хIусамехь – цига иза еза чевнаш йолуш кхачийнера нохчашца а, гIалгIашца а леттачул тIаьхьа. Бахьана хиллера цхьана туьканахь къола дар, амма Сутуга бехке ца хилла, талламо бахарехь.
- Бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн статусп яьккхина "Мемориал", амма "Мемориал" реза яц оцу къастамна" - Ред.) антифашиста Сутугу Алексей ваьккхинера политикан тутмакхийн могIара. ТIаьххьарчу шерашкахь дуккха а кхоллараллин проекташкахь дакъалоцуш вара иза.