ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровх "шайтIа" аларна кхин цхьаьнга а "къурд" алийтина. Иза Пермера ву


Пермь гIаларчу кхиазхочо Кадыров Рамзане дехна шена цунах ша "шайтIа" аларна къинтIеравалар. "Къурд" олуш яьккхина видео ю нохчийн инстарам-каналашкахула лелаш.

Хьалхо Тик-Токехь жимчу стага видео яржийра Москвана гергахь вехачу шен нийсархочун-дагестанхочун, деношкахь гергарчара Кадыровга къинтIеравалар дехначу кIентан агIолоцуш.

"Массаьрга шалом, накъостий! Хьалхо хаам гинера суна Кадыровх, иза шайтIа хиларе терра, Инстаграмехула цхьамма "шайтIа"аларх лаьцна. Юха доьзал бара Кадыров къинтIера воккхуш. Суна нийса ца хета цара динарг. Нохчийчоьнан куьйгахо волчуьра дIавакха веза Кадыров нахаца иштта хиларна. Къаьсттина кхечу республикерчу нахаца, дагестанхошца. Официалехь боху ас: Кадыров Рамзан "шайтIа" ду", - аьлла йинера видео.

Амма сихха дIаяьккхина шен пост жимчу стага, делахь а кхиина иза яржа машанашкахула. Ткъа хIинца ша яржийначу видеошкахь "шайтIа" ша-шех боху цо.

"Хьоме доттагIий, ши де хьалха ас хьовсархой сайн агIон тIехь алсамбахархьама сийсазвинера Нохчийн Республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Айса иза дешшехь дохковелира со, амма видео, халахеташ делахь а, дIасаяьржина. Даггара къинтIеравалар деха лаьа суна Кадыров Рамзане. Вуьззина къонах а, шен къоман лидер а ву иза. Со ду су ома-дарра шайтIа. Бехк ма билла суна, Рамзан Ахматович", - боху кхиазхочо.

  • Деношкахь Кадыровс дош деллера бекхам бан шена ша динчу цхьана къамела буха "шайтIа" аьлла яздинчунна: "Ас дукха шайтIанаш хIаллакдина, хьо а хIаллавийр ву", - яздинера цо, и йоза диначунна "весет дита мегар ду", аьлла билгал а доккхуш.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG