ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс Нурмагомедовна аьлларг аьшнашка дохурш "провокаторш" бу боху Нохчийчохь


Нохчийчоьнан информацин министра Дудаев Ахьмада "оьзда боцу провокаторш" бу аьлла мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Дагестанера латархо Нурмагомедов Хьабиб "UFC-н проект" ю аьлла динчу къамелна реза мел боцурш.

Цунна хетарехь, Кадыров Оьрсийчохь " спортанна массарел а герга волу" политик ву, цо "вуно дукха гIуллакхаш дина ерриг пачхьалкхан спорт, къаьсттина иэйинчу кепийн латарш кхиорехь, оццу декъахь ю Дашестан а". Дудаевс бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Нурмагомедовх лаьцна динчу къамела юкъара контекст а яьккхина, луьйш бу нах Кадыровна.

"Цо UFC-н политика а зуьйш, Нурмагомедовн Хьабибан карьерах лаьцна аьллачуьнца вон маьIна гинарг я оьзда воцуш хила веза, я провокатор хила веза"", – дIахьедина шен инстаграмехула министра.

  • Деношкахь Кадыровс Нурмагомедовна ша "муьлхха а гонорар" ло "Ахмат" клубан векалца летарг, элира. Оццу къамелехь Дагестанера латархо "UFC-н проект" ю, бохура цо. Цунна хетарехь, дуьненаюкъарчу къовсамашкахь Нурмагомедов ца летта шен республикан цIарах. "Суна цкъа а ца гина вайн ваша Хьабиб Оьрсийчоьнан я Дагестанан байракхна кIел", – дIахьедира Кадыровс. Оцу дешнаша вуно дукха резабацарш гIаттийна социалан машанийн Дагестанан сегментехь.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедар динчу юкъанна, ша Нурмагомедов ватIор ву" аьлла "Ахмат" клубан латархочо Чимаев Хьамзата. "Вай иза ватIор ву, цунна лаахь", – яздина Чимаевс Кадыровс Нурмагомедовх лаьцна къамел дечу юкъанна.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG