ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Протасевичца лаьцна Оьрсийчуьра йоI ю Минскерчу талламан изоляторехь


Сапега Софья

Ryanair авиакомпанин кема цIеххьана Минскехь охьахаийначул тIаьхьа белорусийн журналистца Протасевич Романца цхьаьна лаьцна Оьрсийчуьра 23 шо долу яхархо Сапега Софья ю Минскехь Окрестина урамехь йолчу милцойн талламан изоляторехь. Цунах лаьцна хаам бина Би Би Си-н оьрсийн сервиса йоIан нанна Дудич Аннина тIе а тевжаш- иза Беларусехь ехаш ю, яздо Свобода Радионо.

Дудича дийцарехь, ша дIалацале цуьнан йоI кхиийна WhatsApp-хь "мама" дош яздан, цул тIаьхьа зIе хаьдда. Оршотан дийнахь ден-ненан къасто аьтто баьлла Сапега Окрестина урамерчу талламан изоляторехь хилар. Иза стенна бехке еш ю хууш дац.

Окрестина – цхьана ханна адамаш латто изолятор ю, цига дIабуьгуш Iедал ду административан гIуллакхашкаху бехке бон нах. Оцу изоляторан цIе юкъара цIе хилира стохка Товбеца-баттахь Беларусехь дуьхьалонан акцешкахь лецначу дуккха а нахана ницкъ бар бахьана долуш.

Дудича дийцарехь, иза цхьаьнакхетта Оьрсийчоьнан Минскерчу консулца, цуьнгара гIо хиларе ладоьгIуш ю нана. Хьалхо хаам кхечира Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло дехар дарх лаьцна шайн векал лаьцначу йоIанна тIекхачийта аьлла. Беларусин Iедалша официалан кепара мукъарло ца дина шаьш иза лацар.

Ша Протасевич волу меттиг хууш яц. Беларусехь цунна дуьхьал толлуш ду бехктакхаман гIуллкх.

Ryanair авиакомпанин кема Стигалкъекъа-беттан 23-хь нуьцкъала охьахаийра Минскехь, Беларусин Iедалша цунна тIехь бомба ю иза эккха мегаш ю аьлла хаам а бинчул тIаьхьа. И хаам харц хиллера. Лайнер лаца хIаваъе даьккхинера тIеман кема. Некъахойн кемантIехь хилла Протасевич лецира, лайнер охьахиъна дукха хан ялале. ТIаьхьо хиира Сапега а лаьцна хилар.

Ryanair компанино бехке йина Минск стигалахь пираталла лелона а, политикан оппонент лаца харц бахьанах пайда эцарна а.

Протасевич Роман - оппозицин журналист а, блогер а, гIардаьллачу NEXTA телеграм-каналан хилла коьрта редкатор а ву. 15 шо хан тоха кхерам бу цунна, Беларусин Iедалша, Лукашенко Александран режимана дуьхьал хилла акцеш лоруш ма хиллара, къепедацарш вовшахтохарна. Протасевич махкал арахьа вехаш вара, Беларусе иза кхаьчна шен лаам боцуш.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG