ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь 8 шо хан тоьхна Росгвардехь хьаькам лаьттинчунна


Къилбаседа Кавказан тIеман гонан эскарийн Росгвардерчу лерринчу декъан буьйранчин гIовс лаьттинчу полконикна (иза хIинца вац оцу даржехь) Иноземцев Сергейна ХIинжа-ГIалин гарнизонан кхело 8 шо хан тоьхна набахтехь яккха боккхачу барамехь кхаъ бала гIортарна, хаам бо ТАСС агенталло.

Талламан версица, 2020-чу шерахь Каспийск гIалахь хишна тIехьожучу инспекторна 3 миллион сом кхаъ бала гIоьртина иза ша сов боккхачу барамехь чIерий лоьцуш гучуваьлча.

Билгалдоккху полковник шен оцу даржах ваьккхина хилар.

  • ГIалмакхойчоьхь 8 шо а, 4 шо цхьа бутт а хенаш тоьхна набахтин луьрачу хьелашкахь такха полицин шина белхахочунна. Уьш бехкебина кхаъ бехарна а, белхан бакъонаш йохорна а.
  • Краснодар-махкахь Крымскан декъан куьйгалхочун гIовс лаьттина эпсар-зуда жоьпе озийна талламо бехктакхаман дов дIакъовлург 800 эзар сом кхаъ эца гIортарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG