ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Блинкен Энтонис дIахьедина Газа юхаметтахIоттош гIо дан дагахь хиларх лаьцна


 Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Блинкен Энтони
Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Блинкен Энтони

Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Блинкен Энтонис дIахьедина, Израилна а, ХЬАМАС тобанна а юкъахь 11-тта дийнахь конфликт лаьттинчул тIаьхаьа Газа асанерчу бахархошна дуьненаюкъара гIо-накъосталла дайта дагахь ду шаьш аьлла, яздо Свобода Радионо.

Блинкена аьлла цунах лаьцна шинарин дийнахь Иерусалимехь Израилан премьер-министраца Нетаньяху Беньяминца хиллачу цхьаьнакхетарехь. Пачхьалкхан секретарь ву Дечкен-баттахь президентан Джо Байденан инаугураци хиллачул тIаьхьа оцу регионе баханчу Америкин Iедалан белхахойх уггар лакхарчу даржехь волу Iедалхо.

Американ дипломатин куьйгалхочо билгалдаьккхина Вашингтона юьхьарлаьцнарг хир ду "Газехь хIоьттина гуманитаран доьхна хьал гIолечу даккхар" аьлла. Цо дийцарехь, мегар дац, оцу асанехь Iедалехь йолчу ХЬАМАС тобане пайда эцийта, палестинахойн территорина тIехь инфраструктура меттахIоттош гIо дарх.

Йоццу визит дIахьуш волу Блинкен Урдан хин Малхбузерчу Бердерчу Рамаллехь цхьаьнакхета дагахь ву Палестинийн автономин куьйгалхочуьнца Iаббас Махьмудца. ХЬАМАС-ца контакташ ян дагахь вац иза. Малхбузено и тоба терроран лоруш ю.

Израилан армин а, ХЬАМАС-ан кху беттан 10-хь даьллачу тIеман девнехь Газа асанехь меттигерчу лоьраша бинчу хаамашца вийна 240 сов вахархо. Израилехь байинчу нехан терахь ду 12. Герзаш деттар сацош маслаIат хилла Стигалкъекъа-беттан 21-хь. И раж коьртачу декъана ларйеш ю шина агIоно.

Байденан администрацина критика йора, цхьаболчу Конгрессерчу демократаша а цхьаьна, хетарехь, иза кризисна юкъа ца гIортарна. КIайн ЦIийне кхайкхамаш бора Израил хьокъехь мелла а луьра позици лаца бохуш. Администрацино дIахьедарш дора тIемалоша бен-башха а доцуш ракеташ еттарх Израилан ларъяла бакъо хиларх лаьцна.

ТIаьхьо КIайн ЦIийно бинчу хаамехь дуьйцуш дара, "тийна, амма жигара дипломати" лелорна а, Мисар пачхьалкха гIо дарна а маслаIат каро аьтто баьлла бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG