ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израилан кеманаша онда тохарш дина Газа асанехь


Израилан тIеман авиацино боккхачу барамехь ракеташ йиттина оршотан буса Газа асанехь. Хилларг гинчу Reuters агенстван корреспондента дуьйцу 100 сов тохар дарх лаьцна, хаам бо Радио Свободано.

Израилан армин твиттерехь хаам бина, тохарш дина хиларх лаьцна Газа асанерчу "террористийн объекташна". Ша аьлча, ракеташ тоьхна 9 цIанна, Израилан тIеман ницкъийн векалша чIагIдарехь, ХЬАМАС тобан штаб-хIусамаш хиллачу.

Associated Press агенство хаам бина лелхарш хилира аьлла, 10 гергга минотехь, ткъа ша тIелатар дира, де-буьйса хьалха, 42 палестинахо а вуьш, тIелатар динчул а йоккхачу территори юкъалаьцна.

Электроэнерги дIасайоькъучу компанино хаам бина, ракеташ тохар бахьана долуш, цхьаъ бен йоцучу электростанина тIера Газа гIалан къилбена тоькаца кхачо еш тесна серий хедийна хиларх лаьцна.

Палестинахойн радикалан лоручу ХЬАМАС тобано а дина конфликт йолаелчхьана ца хиллачу кепара тохарш, Ашкелон а, Ашдоду а, Нетувато а, кхийолчу а Израилан гIаланшна тIе ракеташ а хецна. Дукхаха йолу ракеташ лелхийтина Израилан ПВО-но. Вийна а, лазийна а стаг ву аьлла хамм кхаьчна бац.

Израилан премьер-министра Нетаньяху Беньямина дIахьедина, Израилан эскаро Газа секторерчу палестинахойн радикалийн тобанашна ден тохарш дахлур ду махкахь кхерамзалла латторхьама уьш цунна "дан мел оьшу а", аьлла.

Израилна тIе Газа секторан лаьтта тIера ракеташ етташ хьийзачу ХЬАМАС тобано ша тIелетарш кхин дIа а латтор ду боху. Шина агIонна юкъа машар билла гIертачу дуьненан юкъараллийн цкъачунна аьтто ца балла иза дан.

КIиран буса Палестинерчу тIеман тобанаша 1000 сов ракета тоьхна Израилна тIе, царех цхьаерш пачхьалкхан юккъерчу кIошташка да а кхачош. Дукхахъерш, Iалашоне ца кхочуьйтуш, шаьш стиглахь хIаллакйина, хаам бо Израилан эскархоша.

ХЬАМАС тобано дечу дIахьедаршца, иза дуьхьал жоп луш ю, Израилан кеманаша тохар дина, Газа секторера уггаре лекха гIишло йохорна. Оцу гIишло чохь цхьана декъанна офис яра Associated Press агенталлин а, Al-Jazeera телекомпанин а. Изралан эскархоша, шаьш цунна тохар дина, "маьршачу нехан букъ тIехьа лечкъаш" лелачу ХЬАМАС тобано шен къайлах сервис цу чохь латтош хиларна, боху. Associated Press агенталло бекхбиллина Израилна, тоьшаллаш доьху ша бохучунна. Израилан тIеман министралло ша тохар дале сахьт хьалха хаийтина иза дан кечлуш ша юйла, оцо хан йитина журналисташна хеннахь кIелхьарбовла.

КIирандийнан Iуьйранна Израило бомбанаш йиттина Хьамас тобан лидерех волчу Синвар Яхьъян а, цуьнан вешин а цIенна тIе. Авиатохарш динчу гIишлош чохь нах ца хилла, аьлла бу хаам. Тохарш ша Газа секторерчу тоннелашна до – царна чохь герз латтадо ХЬАМАС тобано, чIагIдо Израилан агIоно.

Оршотдийнахь марсаделира Израилна тIе ракеташ еттар а, Газа секторна Израилан эскарша тохарш дар а. Ши эзар сов ракета тоьхна хьамасхоша, ткха Израилан авиацино а, артиллерино а Газа секторна дина 1000 сов тохар. ТIаьххьар болчу хаамашца, велла 150 палестинахо а, 10 израилхо а.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа, Израилан дуьхьалоян бакъо хиларх даре а деш, гIулчаш йоху конфликт йижорехьа. Президента Джо Байдена телефонехула къамелдина Нетаньяхуца а, Палестинан автономин куьйгалхочуьнца Iаббас Махьмудца а. Амма Газа секторна тIехь олалла латтош йолу ХЬАМАС яц Iаббасан буьйраш кхочушдеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG