ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израило шордеш ду Газа секторерчу ХЬАМАС тобан объекташна ден тохарш


Газа секторерчу Iалашонашна ден тохарш шордеш ю Израил, оцу юкъанна пхьоьалгIачу дийне даьлла Палестинера дIа Израилерчу меттигашна тIе ракеташ кхийсар а.

Дуьненан юкъаралло агIонашка конфликт ерзор доьхучу кху муьрехь а дац хьал гIоьртина лаьттачуьра толуш.

Израилан премьер-министра Нетаньяху Беньямина Стилкъекъа-беттан 14-чохь дIахьедина, Израилан Iалашо яц цкъачунна радикалийн ХЬАМАС тобанна ден тохарш лагIдан, аьлла.

ПIераскана Израилан эскарша 40 минотехь, секторан доза а ца хадош, тIелетарш дIадаьхьина 160 кеманца а, тIеман техникаца а. Тохарш дина танканашца, яккхий тоьпашца. 150 объект ю тохаршна кIел нисъелларг – ХЬАМАС тобано пайдаоьцу тоннелашна дина тIелетарш доккхачу декъанна.

Газа секторехь, Палестинан могашаллин министралло бечу хаамца, оршотдийнера схьа вийна 120 сов стаг, царалахь ду 31 бер а, 20 зуда а. Чевнаш йина 900 гергга вахархочунна.

ХЬАМАСо а, "Исламан жихIад" цIе йолчу кхечу радикалийн тобано а бакъдо шайх 20 стаг вийна хилар. Амма Израило и терахь кхин а алсам ду, чIагIдо.

Израилехь, цо бахарехь, вийна 7 стаг, царалахь ду 6 шо кхаьчна бер а.

Иордан хин Малхбузерчу бердаца долчу лаьттан доккхачу декъа тIехь лаьтта палестинахойн а, Израилан ницкъхойн а конфликт. Оццу юкъанна летта нах Израилехь жуьгтийн а, Iаьрбий а цхьана бехачу гIаланашкахь а. Израилан президента дIахьедина, пачхьалкхехь чоьхьара тIом эккхарна кхерам бу, аьлла.

2014-чу шарера схьа оцуул боккхачу барамехь дуьххьара иккхина конфликт ю тахана яьржинарг, боху тергамчаша. Девнаш дуьйладелла дIадахначу мукъаденошкахь Иерусалимерчу Ал-Акса маьждигна гонах – цунна гергахь ю жуьгтийн Еза меттигаш а. Девнаш лелха дуьйладелира кхело Иерусалимера масех Iаьрбийн доьзал хIусамаш чуьра ара а баьккхина, жуьгтийн доьзалш чубахийта сацам бича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG