ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Онлайн кепехь хир бу харжамаш Ростов-махкахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

"Госуслуги" порталехула кхаьжнаш таса йиш хир ю нехан, цIахь а Iеш, Гезгамашин-беттан харжамашкахь Оьрсийчоьнан 6 регионехь. Къилба регионехь оцу кепехь кхаьжнаш таса таро хир ю Ростов-махкахь. Иштта бу Оьрсийчоьнан харжамийн коьртачу комиссино бина сацам.

"Тхо дистанционан кепехь, "тIеман" хьелашкахь кхаьжнаш муха тосу зен дохку, оцу барамна юкъа 1-2 миллион харжамхой а озош", - билгалдаьккхина пачхьалкхерчу харжамийн коьртачу комиссин куьйгалхочун гIовса Булаев Николайс.

Тест еш, дистанционан харжамаш Ростов-махкахь дIабаьхьира кху бетта юккъехь – тестехь дакъалецира 76 эзар вахархочо.

Электронан харжамаша "зен луш йолу 100% эвсаралла гойту", харцонаш чекхъевр яц, аьлла хета регонерчу "Яблоко" парткрчу муниципалан харжамийн куьпан комиссин декъашхочунна-тергамчина Меньшенина Еленина.

"Ростов-махко гаранти ло жамIаш муха хир ду бохучунна. Дукха ю тIехь тергам боцу каппаш юьстахарчу кIошташкахь. "Тергамчаша проблемаш лоьлхуьйту" меттигаш гIаланашкахь бен яц, и меттигаш дIасовчийчхьана, вуно дика "харжамийн султанат" кхоллало, онлайн-харжамашца декъашхой ма-оьшшу алсам а язбеш", - элира цо Кавказ.Реалиига.

Харжамашка кIезиг нах лела – иштта хуьлу гуш долу сурт тергамчаш болчохь, ткъа уьш боцчохь – фантастика лара дезаш "дукха хуьлу" харжамхой, "терахьаш кечдийраш" муьтIахь болу харжамийн каппийн комиссийн декъашхой бу – школашкара хьехархой, - дуьйцу Меньшенинас.

  • "Цхьааллин Оьрсийчоь" кечлуш ю харжамашна, дIаяхьа дагахь ю партин праймризаш. Радио Свободан корреспонденташа гулдина социалан машанашкахь царех лаьцна наха дуьйцург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG