ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таганрогехь 11 белхало валар толлуш лецарш дIадолийна


Ростов-мехкан Таганрог гIалина хи латточу хьукматан коьрта инженер Поляков Юрий лаьцна кхаба магийна Мангал-беттан 20-чу дийне кхаччалц – хи биргIанашка дерзочу метттехь болх бина 11 белхало валарца дузу иза лацар.

Белхан меттехь кхерамзалла цаларъярна бехкево Поляков, боху "Интерфаксо", Таганрогерчу Ленинан кIоштан пресс-векалтна тIе а тевжаш.

Бохам хилла Стигалкъекъа-беттан 2I-чохь. Хи биргIанашка дерзочу меттехь, Таганрогна уллерчу Дмитриадовка юьртахь къахоьгуш, дIовш а даьлла, велира юьхьанца "Управление водоканал" олучу хьукматан 10 белхало, 8 вара дарбан хIусаме виллина, царех а велла цхьаъ.

Талламан комитетан Ростов-мехкан урхалло бехктакхам айбина, прокуратура ю хилларг зуьйш. Шеггара таллам беш ю Оьрсийчоьнан къинхьегаман министралла а.

Znak.com ресурсан информацица, канализацин боьха хиш дIагулден резервуар юьзина хилла, ткъа мекхано лаьцна дIаьвше хIо дIахоьцу гIирс. Иза баста гIерташ хьийза белхалой дIаьвше Iаьнарх охьаэга буьйлабелла, царна гIодан тIеуьдуш дIовш даьлла рогIерчу церан накъосташна а. Циггахь елла белхалой къахьега хьовсийна хилла станцин куьйгалхо а.

  • 2020-чу шеран Товбеца-баттахь сероводородах дIовш делира Ростов-махкахь шина белхалочунна. Цхьаъ царех гIу чу воьссина хиллера, цуьнан садукъадала доьлча гIо дан ваханарг а велира цуьнца цхьаьна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG