ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

600 тутмакх хьажош ву тIебогIучу баттахь БАМ-некъ чекхбаккха


Байкал-Амуран аьчка некъ (БАМ) билла тутмакхийн хьалхара дакъа, 600 стаг, хьажор ву Мангал-баттахь. Корматалла хьашт йочу белхашка набахтешкара нах дIаязбеш ю Оьрсийчоьнан аьчка некъаш " (РЖД) компани. Оцу хьокъехь хаам бо "Коммерсантъ" газето, хьал девзачу кхаа хьастанна тIе а тевжаш.

Тутмакхаш хир бу «Iаьржа белхаш» беш, бетон юттуш, арматура кечъеш Малхбалерчу полигонехь. "Промстрой" компани ю шена 100 тутмакх-белхахо схьаоьцуш. Аьчка некъийн урхалло хаийтина, ша набахтешца конракташ хIиттош ю, аьлла. "ТС Строй" компанино Мангал-бутт юккъе кхочуш белхаш хуьлуьйтур бу 430 гергга тутмакхна. Амма "Коммерсанто" шега деллачу хеттаршна жоьпаш ца делла некъийн хьукмато. Оьрсийчоьнан набахтийн урхалла а ца хIоьттина хаамна комментари яла.

"Коммерсантца" къамел дина эксперташ шек бу набахтийн урхалла кийча ю тутмакхашка гIишлош юттучохь къахьегийта бохучух. Оцу белхаша урхалла декхарейийр ю тутмакхаш ларбеш а, баха дIатарбеш а, церан могашалла Iалашъеш а яккхий харжаш ян.

  • Хьалхо Оьрсийчоьнан набахтийн урхаллин директора Калашников Александра бакъдира тутмакхашка яккхий гIишлош ечохь, белхалой ца тоьучохь къахьегийта меттигаш хIитто шен хьукматаш кийча хилар. "Иза хир яц ГУЛАГ (нах бацош йолу набахтийн система), цигахь дика хьелаш хир ду наханна, юкъарчу Iойлехь а Iаш я петарш а лоьцуш, лаахь, шайн доьзалшца а бехаш, дикка алапа а оьцуш", - бохура Калашниковс.
  • Оьрсийчуьрчу набахтешкахь 188 эзар гергга тутмакх ву шайн чохь яккха йисина хан къинхьегаме ерзаяйта бакъо йолуш. И тайпа раж магийначун бакъо ю Ненцойн махкахь, Таймырехь, Магадан-махкахь, Норильскехь, БАМ-ехь болх бан.
  • Масех шо ду Оьрсийчохь тутмакхашка болхбайтарх лаьцна дуьйцу. Низамо тутмакхашна магадо набахтел арахь къахьега, амма Конституцин бакъонаш кхочу царна а. Цара бинчу балхана мах бала беза, уьш бахархойх къастийна а, ларбеш а хила догIу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG