ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Макрона Руандин бахархошка къинтIерабовлар дехна 1994 шеран хиламашца доьзна


Еарин дийнахь Францин президент Макрон Эммнуэла къинтIерабовлар дийхира руандахошка 1994-чу шарахь 800 эзар тутси къоман наханна тIехь гIаттийна геноцид юхаяккха шен пачхьалкх цагIортарна.

Руандин Кигали шахьарахь, геноцид бахьанехь велла 250 эзар стаг дIавоьллинчу дагалацаман комплексехь къамел деш Макрона элира, ша къинхетам боьху 1994-чу шарахь Iазап лайначу нахе. Цо бохура, Францино тIеоьцу ша конфликт йижош тоъал дакъа ца лацарна тIехьарчийна бехк, амма шен пачхьалкх ца хьийзира геноцид хIотто аьтто беш.

Францино геноцид яржош дакъалецира аьлла, хьалхо къамел динера Руандин президента Кагаме Пола. Амма хIинца цо билгалдаьккхира, Макрон шайн махка вар шайна мехала ду, массо а хIуманал деза ду Францин президента Руанда къинтIераяккхар, аьлла. Цуьнан дешнашца аьлча, руандахоша дицдийр дац Франци леллачунна бехке хилар, амма царна карор бу ницкъ къинтIерабовла.

Дукха хан йоццуш Францехь бинчу талламо гайтира Францин Iедало (Миттеран Франсуа президент волуш) 1994-чу шарахь тутси къома тIехь Iазап хIоттийначу Руандин Iедалца юкъарлонаш лелийна хилар. Макрон къерахилла "Париж регионера конфликт а, чоьхьара тIом а сацо гIиртина" хиларх, "амма яьлла иза, ма-дарра аьлча, алссам адамна гIелоечу агIонехьа". Руандехь дуккха а дамаш дойъучу даьлча, Францин, Бельгин эскарша гIодина Европера бахархой цIехьаберзош, амма ца гIиртина геноцид сацо.

Кагаме коьртехь а волуш, Руандерчу гIаттамхоша долаэцна шайн пачхьалкх, сацадайтина хуту къоман векалшка тутси хIаллакбар. ХIетахь дуьйна ву Кагаме Руандин куьйгалхо. Шалха ду цунах лаьцна махкахошна хетарг: цхьана агIор, цо сацийна цIий Iенор, реформаш чекхаъяьхна, амма критикаша дийцарехь, чIагIвелла иза даржехь авторитаран Iедал хIотторца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG