ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 схьаялар стенгара ду хоуьйтур ду, аьлла Байдена


УхIанера вирусологин институт. Китай, Чилл. 2021-гIа шо
УхIанера вирусологин институт. Китай, Чилл. 2021-гIа шо

Талламан сервисашна тIедожийна президента, керла таллам а бина, 90 де далале хаам кечбар

Цхьаьнатоьхначу Штаташа довзуьйтур ду коронавирусан пандемия мичара схьаяьлла бохучу хаттаран керлачу талламан жамIаш, карарчу хенахь Американ коьртачу лерринчу сервисаша дIахьуш болу. Цунах лаьцна яздо "Американ аз" зорбан гIирсо.

Президента Джо Байдена аьлла цунах лаьцна еарин дийнахь, ша Кливленде ваха новкъа валале хьалха, журналисташца къамел деш. Президентан кеманна тIе хаале Байдена элира, 90 де даьлча кийча хила безачу лерринчу сервисаш кечбечу хааман жамIаш довзуьйтур ду юкъараллина аьлла.

Президента тIедожийна керла таллам дIабахьар, COVID-19 ун гучудалар доьзна хила мега Китайрчу лабораторехь Iилманчаш юкъаяьккхина вирус адамийн караръяьлла яржар бахьана долуш. КIайн ЦIийно аьлла, таллам дIабахьа алсам аьттонаш бийр хиларх лаьцна, шайна юкъахь къоман лабораторешкара гIо а долуш.

Стохка америкахойн талламан сервисаша дIахьедира, цаьргахь болу хаамаш богIуш бу, " COVID-19 вирус куьйга йина а, генетикан модификаци йина а яц аьлла Iилман векалшна юкъахь йолчу консенсусца".

Делахь а талламан сервисаша ваIда дира "кхидIа мелла шуьйра талла гучуюьйла информаци а, талламан хаамаш а", билггал муха даьжина ун: вирус дийнаташна тIера адамашна тIеяларна, я лабораторера иза ларамаза араяларна.

Еарин дийнахь зорбане даьллачу, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Къоман талламан директоран Урхаллан (ODNI) динчу керлачу дIахьедарехь аьлла ду, талламан юкъарло хIинца а жоп каро гIерташ хиларх лаьцна, керла коронавирус мичара схьаяьлла бохучу хаттарна.

"Американ таламан юкъарлонна билггал ца хаьа, мичахь, маца, муха хилла адамах вирус хьакхаялар, амма тахана оха тIехь болх беш ю ши верси: ун кхеттачу дийнаташца адамин контакт хиларна а, лабораторехь авари хиларна а", - дIахьедина ODNI-ан зорбан секретаро Шоч Амандас.

"Талламан юкъарлон дукхаха болу декъашхой хеташ бу, карарчу хенахь тхоьгахь тоъала хаамаш бац аьлла, оцу шина вариантах нийса хила мегаш ерг муьлхарниг ю бохучун мах хадо", - тIетуьйхира цо.

Динчу дIахьедарца а догIуш, коьртачу кхаа талламан агенталлах шиъ цхьана варианехьа ю, иза муьлхарниг ю а ца олуш, ткъа кхуьа агенталло мах хадабо шаьш тешна хилар бохучун "лахара я гIеххьа лахара" санна.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iедалша масийтта баттахь чIагIдора, Китайн Iедалера гIо ца хиларо новкъарло йо дуьненаюкъараллина бохуш, дерриг а дуьнентIехь 3,4 миллион, оцу юкъахь 600 эзар гергга Америкехь, адам даларан бахьана долу, коронавирус гучуялар къасто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG