ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин а, ша а эгIо гIертарна хаамийн гIирсаш бехкебина Кадыровс


Кадыров Рамзана журналисташ бехкебина ша Путинна дуьхьал волуш санна гайта уьш гIертарна. И къамел цо дина, коронавирусна дуьхьал вакацинаци яйта лууш боцчу наханна дарбан хIусамашкахь лоьралла массарел а тIаьхьа дан деза ша алар прессо дийца даьккхича.

Вакцина тохийтарх лаьцна ша аьлларг журанлисташа лачдаьккхина, чIагIдо Кадыровс. "Кхечу хьелашкахь ас тидаме а оьцур яцара оьзда боцчу наха сайна ен аьшнаш, амма кхузахь билггал гуш ду со Лакхарчу тIеман буьйранчин антагонист ву, Оьрсийчоьнан цхьааллина тIекховда гIерта бахар", - яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен инстаграм-каналехь.

Хьалхо махкарчу уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан кхеташонехь Кадыровс хаийтира Нохчийчохь вакцина яр боларахь хьолехь хилар. ХIора кIоштахь нах кхетош йолу комиссеш кхолла еза, бохура цо. Элира, вакцинацино бохьу пайда кхетош боцу нах юьртарчу лоьрашна я имамна тIебаха беза. Нангахь санна цул тIаьхьа а нах мехий деттийта ца лууш бисахь, уьш дарбан хIусамашка кхачийта беза массарел тIаьхьа, "хаийта царна, мел инзаре ду хIуо ца тоьуш висча", – дIахьедира Кадыровс.

Хьалхо хаамийн гIирсаша дийцира, Нохчийчуьрчу берийн бошмашкарчу белхахошна даржашкара бохо кхерамаш туьйсу, нагахь санна цара вакцинаци цаяйтахь, аьлла.

Стигалкъекъа-беттан 26-чохь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира дIахьедира, нахана вакцинаци ян мегар дац церан лаам а боцуш, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG