ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беларусан стигалахь ларлуш хилар хьоьху Американ пилоташна


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн халкъан авиацин федералан урхалло пIераскана пилоташна лерина хаам баржийна Беларусан стигалахь ларлуш хилар хьоьхуш.

Вашинтоно юкъахбаьккхина шина пачхьалкхан стигалхула зIенаш латторах болу барт. КIайчу цIийно дIахьедина, ша бехк буьллу Стигалкъекъа-беттан 23-чохь Ryanair кема ницкъаша охьадоссорна, аьлла. И хаам баржийна "Американ Аз" радионо.

Вашингтоно пIераскана дIахьедина, ша Беларусан экономиканна дуьхьал санкцеш кечъеш ю, аьлла. Джо Байденан администрацин пресс-векала Псаки Джена бахарехь, Беларусерчу исс индустрин хьукматах хьакалуш хир ю и санкцеш, юкъайохур ю Мангал-беттан 3-чохь.

Байденан администрацино Лукашенко Александр кхойкху Стигалкъекъа-беииан 23-чохь хилларг дуьненаюкъарчу талламашка даккхийтаре а, лецна политикан тутмакхаш сихха дIахецаре а, демократин оппозицин лидершца диалоге валаре а, цаьрца керла президентан харжамаш бийцаребаре а.

  • Стигалкъекъа-беттан 23-чохь Герцера Литува доьду Ирландерчу Ryanair авиакомпанин кема ницкъаша охьадосса декхаредира Минскехь, цу чохь терроран тохар дан тарло аьлла хаам а бина. Лецира рейсан ши пассажир – оппозицин блогер Протасевич Роман а, иза тIехьийза йоI Сапега Софья а. Царна набахтехь яха ехха хенаш тоха кхерам бу.
  • Стигалахь дина тIелатар лору кеманца иккхина инцидент Европан Цхьаьнакхетаралло. Цо шен пачхьакхашна хьоьху Беларусерчу авиакомипанешна Европан стигал ехкар, дуккха а мехкаша дIакъевлина "Белавиана" шайн стигал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG