ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байден: Путине адамийн бакъонаш а хьошуьйтуш хевшина Iийр дац тхо


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Джо Байден
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Джо Байден

Дагалацаман де тIекхачарца доьзна къамел деш Американ президента Джо Байдена хьахийна американ-оьрсийчоьнан саммитан тематика.

Стигалкъекъа-беттан 31-хь Америкехь даздеш ду Дагалацаман де. Иза лерина ду Цхьаьнатоьхначу Шаташа дакъалаьцначу тIеман конфликташкахь эгначу айн эскархошна, яздо "Американ аз" зорбан гIирсо.

Цхьа де хьалха, кIиранан дийнахь, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Джо Байден Дагалецаман дийнахь хIора шарахь хуьлучу далла гIуллакх дарехь вистхилира Мемориалан паркехь Делавэр хи тIехула долчу Мемориалан тIайн йистехь.

Кхузахь дагадаийта догIу, Байден еххачу хенахь Делавэр штатан цIарах сенатор хилла хилар, иза цIа вахнера мукъачу деношкахь Дагалецаман де гергакхаьчна хиларна.

Церемонехь дакъалоцучарна хьалха къамел деш, президента билгалдаьккхира, цхьана а дешнашца дийцалур ца хилар мел доккхачу пусар дарца хьожу бахархой Американ эскархошка, мохк ларбеш гIуллакх деш болчу.

"Вай дицдан мегар дац… мел боккха мах белла вай маьрша хилийта, - элира Байдена. – Вай декхар ду, дагахь латто вай мел декхарелахь хилар и мах дIабеллачу нахана, вайн бицбан мегар дац церан доьзалш, кхузахь бисна болу".

Байдена дагабахкийтира ОвхIанистанехь а, Иракъехь кхелхина Американ тIеман ницкъийн эскархой. Президента дIахьедира, 7036 эскархо, "эгна маликаш"(цо царах ма аллара) кхелхина хилар оцу конфликташкахь.

"Уьш – вай Iалашдинарш, ткъа вай - церан тIаьхьенаш латтораш, церан миссин тIаьхьенаш, уьш, девр доцу, вайн дуьхьа уьш белла хиларан дийна долу тоьшалла", - элира Байдена.

Оццу хенахь цо билгалъяьккхира Американ юкъараллина хьалха лаьтта Iалашо – мохк кхин а схьабиллина а, маьрша а хилийтар.

Кестта ша Путин Владимирца цхьаьнакхета везаш хилар дага а даийтина, президента Байдена билгалдаьккхира, Оьрсийчоьнан президентана ша Iаткъам бан дагахь хиларх лаьцна, цуьнга адамийн бакъонаш ларъяйта

"Цхьа ши кIира даьлча Женевехь Путинца цхьаьнакхеташ ву со, цунна дIахаийта вай хевшина Iийр ца хилар, цуьнга бакъонаш а хьоьшуьйтуш", - элира президента.

Тахана, Стигалкъекъа-беттан 31-хь, Вашингтонерчу Арлингтонан кешнашкахь хир ду ламастан Вевзаш воцчу салтичун коша тIе зезагийн кочарш дахкар.

Кхушара дуккха а америкахой цхьаццанхьа дIасабаханера Дагалацаман денца доьрзуш долу "деха мукъаденош" хиларна. Адамаш шайн хиллачу дахаре юхадерза гIерташ ду, пандемия хиларна дехкаршкахь шо сов хан яьккхинчул тIаьхьа.

Дагалацаман денца доьзна ламаст юкъадаларца юзу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн масех гIала. Дийцарехь, цу кепара эгна эскархой дагалоцуш дуьххьара мероприяти хилла 1865-чу шарахь Гражданийн тIом чекхбаьлла масех шо даьллачул тIаьхьа. Яртийн кIошташкахь доьзалш шайн кхелхина тIемалой дукхачу хьолехь дагалоьцуш хилла бIаьсте чекхйолуш.

Еххачу хенахь Дагалецаман де билгалдоккхуш хилла Стигалкъекъа-беттан 30-хь, амма 1971-чу шарахь цунах дина къоман дезде, ткъа иза даздеш хилла терахь дехьадаьккхина Стигалкъекъа-беттан тIаьххьарчу оршотан дийне.

Оцу дийнахь тIамехь кхелхинчу эскархойн доьзалш кешнашка боьлху, шайн беллачийн кешнашна тIехIитта, я хьовсу парадашка. Дуккха а америкахошна и де ду аьхкенан мур болало хьалхара де.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG