ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джумаевн гIуллакх кхидIа а таллийта сацам бина кхелахоша


Москварчу кхело дуьхьало йина Джумаев Сайд-Мухьаммадан хьокъехь шаьш бина сацам бовзийта. Кхин а цхьайолу факташ талла Iалашо хилла кхелахойн, хаам бина адвокато.

Маршо Радионо яздира, Москвахь митингехь ницкъхойх леттачу Джумаевна 5 шо хан тохар дехарх прокурора шоьтан дийнахь.

ТIаьххьара кхел а ерзош, сацам бийр бу аьлла, билгалдаьккхинера таханалера де. Джумаевн гергарнаш, да-нана доцург, цхьа а чу ца витина йоьдучу кхеле.

Москварчу кхелахоша рогIера кхеташо кху шеран Товбеца-беттан 4-чу дийне дIатеттина аьлла, хаам бина "Кавказский узел" ресурсе Джумаевн адвоката Мусаев Мурада.

"Тахана кхел йийр яц. Шина а агIонашка ла а доьгIна, кхело сацам бина кхин а цхьадолчу хIуманна тIекхиархьама таллам дIабахьа", - аьлла цо.

Навальныйн агIолоцуш дIаяьхьначу митингера яьржира Джумаевх тера стаг полицин ницкъех Iалашлуш, дуьхьаллеташ. Полисхойх латарна бехкевира иза ша лацанза, лохуш а волуш. Псковна гергахь лецира Дечкен-беттан 28-чохь, Европан Цхьаьнакхетаралле вахна, къайлавала воллуш хилла аьлла.

Дукха хан ялале Пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама дIахьедира, нагахь санна иза Оьрсийчоьнан оппозицехьа вацахь, ша Джумаевн гIуллакх "дикачу агIор луьстур ду", аьлла.

Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада Дечкен-баттахь элира, Кадыровс "дерриг дира цуьнан кхоллам аттачу боккхуш", амма Джумаев "кхин некъ хаьржина". Даудовна хетарехь, тIехь да воцуш кхиина Джумаев, вон Iамийна арено – аьлча а Оьрсийчоьно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG