ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бютукаев Асланан агIончан гIуллакх кхелехь къастор ду


Къилбера тIеман кхеле кхаьчна, "Кавказан Имарат" организацица воьзна хилла, шен гергара нах тIемалойн могIаршка ийзина аьлла, бехкевечу ГIалгIайчуьрчу вахархочун Дзейтов Турпал-Iелин гIуллакхан материалаш. Кхелан пресс-гIуллакххоша бина и хаам, яздо "Кавказский узел" интернет-гIирсо.

Дзейтовна бехке диллина - террорхойн могIаршкахь латтар, террорхойх дIакхета бохуш, нахе кхайкхамаш бар, церан тобанашка нах ийзор, герзашца лелачу вовшахтохараллашца лелар, бакъо йоцуш герз лелор, хаамбира "Коммерсанто" байначу беттан 27-чохь.

Талламан версица, Бютукаев Аслана куьйгалла дечу "Кавказан Имарат" тобанхойх Дзейтов 2019-чу шарахь дIакхетта хилла. Цо тIедилларца, теракташ дан нах шайн тобана юкъаийзош хилла цо аьлла, хета талламчашна. Иштта цара чIагIдо, Дзейтовс социалан машанашкахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна пропаганда еш пост хIоттийнера. Шен телеграман мессенджерехула "Кавказан Имарат" тобане берзийна хилла цо, Сибирехь беха шен шичан кIентий.

2013-чу шарахь Iедало низамехь лоруш йоцчу "Кавказ Имарантан" буьйранча Умаров Докка вийча, нохчийн тIемалошна коьрте хIоьттина вара Бютукаев Аслан. Кху шеран Дечкен-баттахь хаам баьржира, амир Бютукаев Аслан а, цуьнан тоба а хIаллакьярца кхачийна Нохчийчуьра тIемалой, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG