ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодарера жигархочунна ялх шо хан тоьхна Басаевх лаьцна пост хIотторна


Жигархо Полюдова Дарья
Жигархо Полюдова Дарья

"Левое сопротивление" боламан лидер йолу Полюдова Дарья бехкейина экстремизм а, терроризм а бакъярна аьллачу артиклехь, цо "ВКонтактерчу" шен агIонехь Ичкерин куьйгалхойх пост хIоттийча. Терроризм къобалйина аьлла лерина кхело, тIеман буьйранчех Басаев Шемалах лаьцна цо дина йозанаш бахьана долуш. Кхело набахтехь даккха ялх шо кхайкхийна жигархочунна, иштта деа шарна дихкина интернетехь информаци зорбане яккха а.

"Оха дуьйцург кхело чоьте а ца ийцира, я цуьнан мах а ца хадийра. Кхелан чулацаме хьаьжча, хетало хьуна, суьдхойн процесс йоьдучу хенахь со дош а ца олуш, Iийна аьлла. Оха латкъам бийр бу кхин дIа а", - аьлла Кавказ.Реалиига адвокато Соловьев Леонида.

Иштта цо тIечIагIдина, Полюдован "ВКонтактера" аккаунт дIакъевлина хилар 2018-чу шарахь дуьйна, ткъа зорбане яьккхинчу информацехь "нах закъалте эцар а, гIишлош лелхийтар а, терроризмна юкъадогIу кхиндерг а бакъ ца дина" аьлла.

"Басаев дикачу агIор хьахийна ву цигахь, амма цуьнан цIе вайна товш яцахь а, терроризман синоним ма вац иза, дажал а вац иза. Сепаратистийн къийсам цо латтийна хиларна цуьнан дикачу агIор мах хадийна Дарьяс, амма цо даим а билгалдоккхура, терроризмна ша дуьхьал хилар", - билгалдаьккхина юристо.

32 шо долу Полюдова Дарья пачхьалкхехь дуьххьара яра 2014-чу шарахь сепаратизмехьа кхайкхамаш бина аьлла, бехкейинчех. 2017-чу шарахь маьршаяьккхинчу цо "Левое сопротивление" аьлла, болам вовшахтуьйхира.

2018-чу шеран Чиллан-баттахь журналисташа а, бакъонашларъярхоша а хьоьгу къа билгалдоккхуш, Сахаров Андрейн цIарах совгIаташ дIасадоькъучу барамехь билгалъяьккхира кубанхойн жигархо Полюдова Дарья.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG