ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Медведев: Малхбузе вон ю тхоьца, Хрущевца а, Брежневца а хиллачул а  


Оьрсийчоьнан президент Медведев Дмитрий а, Джобс Стив а, 2010 шо, Калифорни
Оьрсийчоьнан президент Медведев Дмитрий а, Джобс Стив а, 2010 шо, Калифорни

Оьрсийчоьнан президент а, премьер-министр а хиллачу, "Единая Россия" партин хьалханчана Медведев Дмитрийна хета, тIаьхьарчу хенахь Москван а, Малхбузерчу пачхьалкхийн а юкъметтигаш вуно чIогIа телхина аьлла а, карарчу хенахь уьш шийла тIом болчу хенахь хиллачул а вон ю аьлла а, хаам бо Свобода Радионо.

"Коммерсантъ" газетана еллачу интервьюхь, Кхерамазаллин Кхеташонан гIантден когаметта волчу цо билгалдаьккхина массо а кIадбелла хилар Оьрсийчоьнна а, Малхбузенна а юкъахь йолчу конфронтацех. Цуьнца цхьаьна, "конфронтацин спираль" яьстинарг Оьрсийчоь яц, аьлла хета Медведевна.

Президент а, премьер а хиллачу цо дийцарехь, ГIирма Оьрсийчоьнах дIатохарна реакци еш а мегар дара Малхбузе "мелла а лерина а, хьекъале а" лела, амма цо юьхьарлецира "дерриг а дагийна дIадаккхар". Цуьнца цхьаьна Медведевс билгалдаьккхира: "Со ала гIерташ вац даима а, массанхьа а цхьа агIо бехке ю, вай "кIайн а, кIеда а" ду (цхьана шен дIахьедарехь и дешнаш далийнера президента Путин Владимира, Оьрсийчоьнан Iедалш "къайн а, кIеда а" ду Малхбузенна дуьхьал латтарехь аьлла).

Медведевс таханлера хьал дуьстира 1960-1980-чу шерашкахь Малхбузенна а, Советан пачхьалкхана а юкъахь конфронтаци йолуш хиллачуьнца. Амма, цо дийцарехь, шина агIонан аьтто балара маслаIат каро.

"Халахеташ делахь а, тхан Малхбузера партнераш эхь дайначу хьоле бевлла, шаьш ницкъ болуш хиларна, къаьсттина Варшавера барт боьхначул тIаьхьа", - латкъам бина Медведевс. Цо дийцарехь, шийла тIом болчу хенахь Малхбузено санкцеш ца кхийкхайора я Хрущевна, я Брежневна, я Политбюрон, я Лаккхарчу советан декъашхошна дуьхьал, хIинца Оьрсийчоьнан куьйгалхошна дуьхьал санкцеш йохуш ю, цу кепара, Медведевна хетарехь, Малхбузено хедадо коммуникацин каналаш.

  • Евробертан пачхьалкхаша а, Америко а дукха хан йоццуш санкцеш кхайкхийра цхьамогIа Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн куьйгалхошна дуьхьал. Санкцешна кIел вахна масех пачхьалкхан корпорацин куьйгалхо а. Я Медведев а, я президент Путин а, я Iедалан а, я парламентан а куьйгалхой санкцийн тептарна юкъатоьхна бац.

Медведевна хетарехь, Малхбузенна Оьрсийчоь "леш йолу пачхьалкх" хета, цундела цунна хетарг а ца лору, СССР пачхьалкхана хетарг цо лоруш хиллехь".

"Мел дахлур ду иштта хьал? Бакъдерг алий вай: цхьанне а ца хаьа", - аьлла Медведевс. Цуьнца цхьаьна Малхбузенца юкъаметтигаш лелор юхаметтахIоттаре сатесна ву иза. Цу кепара юкъаметтигаш лелоран бух лору Медведевс коронавирусца къийсам дIабахаьар.

Оьрсийчохь лаьтташ долуш хьал дуьйцуш, Медведевс дуьстира иза 1990-чу шерашца. Цунна хетарехь, цаьрца дуьстича, "карара зама дика ю, пандемия елахь а, чIогIа лаьтташ ю".

Медведевс жоп ца делира "Единая Россия" партин тептарна коьртехь хир юй хьан цIе аьлла, шега деллачу хаттарна, оцунна жоп гуламо лур ду аьлла. Зорбан гIирсашкахь, Кремлана тIе а тевжаш, яздора, оцу тептаран коьртехь президент Путин хир ву, амма сацам хIинца а бина бац, бохуш.

  • Медведев Оьрсийчоьнан президент вара 2008 - 2012 шерашкахь, цул тIаьхьа и меттиг цо дIаелира Путин Владимире. 2020-чу шарахь Дечкен-баттахь иза дIавелира Iедалан коьртера, делахь а висира "Единая Россия" партин гIантда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG