ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхошна ахча гулдарна шеконашца эцна Дагестанан вахархо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанерчу Талламан комитетан урхалло бехкзуламан гIуллакх долийна 23 шо долчу Дербентан кIоштарчу вахархочунна дуьхьал. Террорхойн тобанехь дакъалацарна а, терроризмана ахча латторна а шеконаш кхоллаелла цунах. Урхаллан пресс-гIуллакххоша бина цунах лаьцна хаам.

Талламан версица, ши шо хьалха шеконе эцначо социалан машанашкахула 200 эзар сом ахча гулдина хилла, дуьненаюкъарчу террорхойн организацешлахь йолчу тобанашна лерина. Цул совнах, Таламан комитето чIагIдарехь, 2019-чу шеран Охан-баттера схьа дуьйна Шема кхача Iалашонца конспиративан некъаш лехна цо, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета дагахь. Карарчу хенахь талламаш дIахьош бу. Бехкаш тIехь бисахь набахтехь даккха 20 шо гергга хан кхачайо цунна.

Охан-баттахь исламан "Умма" зорбан цIийнан директор лецира Москвахь. Шеко ю талламчийн цо терроризманна ахча латтийна хиларх.

Чиллан-баттахь Дагестанехь лаца кхайкхийра 26 шо долу ХIинжа-ГIалара яхархо. "Исламан пачхьалкхна" 150 эзар сом дехьадакккхарна шеко ю цунах.

Хьалхо Дагестанехь Баба-Юьртан кIоштан 34 шо долу вахархо лецира даIишхойн идейшна пропаганда а еш, церан могIарехь латтарна. Талламчийн версица, шена бевза-безачу нахалахь яржийна хилла цо тематикан "медиапродукци".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG