ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов Хьабибна 440 миллион сом дала реза бу, иза Нохчийчохь латахь


Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб

"ХукВам" шоун эфирехь Absolute Championship Akhmat лиган вице-президенто Бадаев Асланбека дийцина, Дагестанерчу латархочунна Нурмагомедов Хьабибна 440 миллион сом дала кийча ду шаьш, шайн организацехь иза латахь аьлла.

"440 миллион, я цул а алсам ахча дала кийча юй-те АСА? И ахча дала хьунар ду. Хаттар хIутту, мел Iалашо йолуш ду и. Карарчу заманчохь мехкан куьйгалхочо боху цунах лаьцна. ХIаъ, дера лига кийча ма ю и ахча дала, хIунда аьлча, АСА-н лигехь Хьабибан тIаьххьара латар - сенсаци йолуш хIума ма ду", - аьлла, дIахьедина Бадаевс.

И латар дIадахьа таро хилар билгалдоккхучу Бадаевс боху: "Дуккхаъчарна моьтту, хIара фантастикера хIума ду. Амма, вукху агIор аьлча, Оьрсийчохь йолийна Хьабиба шен карьера. Шен даймахкахь и ерзор а - аргумент ю. Цуьнан дена Iабдулманапна, Дала гечдойла, лаьара 30-0 (толаман а, эшаран а чот) - аргумент хуьлийла".

Нурмагомедов Хьабиб "дика спортхо" ву, амма иза "UFC-н проект" ю элира хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Инстаграмехь йоьдучу эфирехь латийта веза аьллера Кадыровс Нурмагомедов а, Нохчийчуьра схьаваьлла спортхо Чимаев Хьамзат а. Иза летарг "цо доьхху ахча" ло ша, бохура Кадыровс. И гIуллакх резонансе даьллачул тIаьхьа, Кадыровс кхетийра, дагестанхо сийсазван дагахь вацара ша аьлла.

Шен агIор Чимаевс дIахьединера ша кийча хиларх, Нурмагомедов Хьабиб "ватIо", нагахь цунна "лаахь".

ММА-рчу шен йоццачу карьерехь исс латарх чекхваьлла Чимаев, иссазза а тоьлла, толамех кхоъ цо баьккхина UFC системехь. UFC-н рекорд хIоттийна цо хенал хьалха, 66 дийнахь кхузза толарца.
Хьалхо Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу спортан комментаторша бехкбиллира Чимаевна, иза Соьлжа-ГIала а вахна, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьаьнакхетарна а, цо шена совгIатйина "Мерседес" схьаэцарна а.

UFC-н массо а рейтингашкара дIаваьккхира ийначу кепехь латаран чемпион волу дагестанхо Нурмагомедов Хьабиб, цо шен спортан карьера ерзош хиларх дIахьединчул тIаьхьа.
Стохка ГIадужу-баттахь Нурмагомедовс дегIан лахарчу йозаллехь кхозлагIа яьккхира чемпионан титул, эшийра америкахо Гейджи Джастин. И латар дирзича кхайкхийра цо ша профессионалан спорт юьтуш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG