ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйн бахам лоьху пурстоьпаша, цуьнгара 29 миллион схьадаккхархьама


Навальный Алексей
Навальный Алексей


29 миллион сом цуьнгара схьадаккха Iалашонца кхелан пурстоьпаша лоьху оппозиционеран Навальный Алексейн бахам а, ахча а. Оццул мах хадийна политико хаамийн гIирсаша "Путинна кхача кечбийриг" лоручу бизнесхочунна Пригожин Евгенийна дала дезачу ахчанан. Шех лаьцна харц информаци яржорна цунна дуьхьал иск яьккхинера совдегаро. "Интерфаксо" яздина цунах лаьцна кхелан пурстоьпийн Федералан урхаллан (ФССП) директоран Аристов Дмитрийн хаамна тIетевжина.

Цо дIахьедина, политик колонехь воллушехь цуьнан хьокъехь гIуллакх дIахьош ду хIинца а аьлла. Аристовс бахарехь, ах мах хIинцале а схьабаьккхина. Биллгал мел ахча охьадиллийтина ала ца хIоьттина иза. Пурстоьпаша кхаа шерачохь кхочушбан безаш бу кхелан сацам.

"Оцу заманчохь Навальныйн цIарах гучу мел йолу хIума, схьайоккхур йолуш ю", - дIахьедина журналисташка Аристовс.

2019-чу шеран ГIадужу-баттахь "Московский школьник" комбинат туьйлира кхелехь коррупцица къийсам латточу Фондаца (Оьрсийчоьнан Iедалша "арахьарчу агентийн" могIаре яьккхина) хиллачу къовсамехь. Кхелахойн сацамца а догIуш, Навальный Алексейс а, фондан юристо Любовь Соболя а ткъе исс\исс миллион такха деза - дерриг а 88 миллион сом.

Москварчу берийн бошмашкахь а, школашкахь а ледара кхача латторна дизентери яьржинера аьлла, ФБК-но "Московский школьник" комбинат бехкеярца йоьзна яра иск.

ТIаьхьо и декхар схьадаккха тIедожон бакъо комбинатера схьаийцира Пригожин Евгенийс. Цуьнан цIарца юьйцура и компани. Ткъа бизнесхочо тIе ца дуьтура, шен "Московский школьник" комбинатца уьйр хилар.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш яьхна Пригожинна дуьхьал, иза шен харжамашна юкъагIортарца дузуш. Зазадоккху-беттан юьххьехь Америкерчу ФБР-о 250 миллион доллар кхайкхийра иза лаца аьтто бинчунна, Кадыровс цунна жоп луш, Пригожин шен резиденцехь хилар хоуьйтуш сурт даржийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG