ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Митинг хиллачул тIаьхьа дIабаьхначу полисхойн гIуллакх теллина бевлла ГIалгIайчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

2019-чу шеран Зазадокху-баттахь митинг йирзинчул тIаьхьа ГIалгIайчуьрчу полицин ППС-н 12 белхахочунна дуьхьал долийна хилла бехктакхаман гIуллакх листина дели. Уьш бехкебо шайна тIедиллина омра кхочуш ца дарна: протесте бевлла нах дIасалоьхкучу Росгвардина новкъарло йина цара.

Кавказ.Реалиига адвокато Цороев Виситас дийцарехь, карарчу хенахь материалаш йовзуьйтуш ю, цул тIаьхьа бехк тIечIагIбайта прокуратуре кхачор долуш ду гIуллакх.

"2019-чу шарахь дуьйна оцу гIуллакхна со тIаьхьаваьлла лелаш ву, со тешна ву, оцу полисхоша конфликт кхин тIе а дарлучуьра цIий ца Iанош ерзийна аьлла. Уьш юкъа ца гIоьртинехь ишта дирзина хир дцара. Айса анализ йинчул тIаьхьа дина ас оцу кепара хьесап. Политикан подтекст цигара дIаяккахь, суна хетарехь, кхелахой а, прокурор а реза хир бара ас бохучуьнца", - тешна ву Цороев.

Нагахь санна, полисхошна бехк тIехь бисахь, пхеа шаре гергга набахтехь яккха хан кхачайо царна.

2019-чу шарахь митинг хиллачул тIаьхьа балхара дIабаьхначу ГIалгIайчуьрчу полицин ППС-н белхахоша арз дира хьалхо Европерчу адамийн бакъонийн кхеле. Шаьш балхара бохийна хиларца а, шайна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дахарца а доьзна ду чу делла арз.

2019-чу шеран Зазадокху-баттахь Магасехь йоьдучу митингехь "бакъоларъяран органийн белхахойн сий дойъу хIума ду даьлларг" аьлла, жоьпалла тIедожийначул тIаьхьа балхара дIабехира полисхой. Шайна тIедиллина омра кхочуш ца дина аьлла, бехктакхаман гIуллакх долийна царна дуьхьал.

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а латтанаш дIасалуш 2019-чу шарахь барт хиллачул тIаьхьа дуьхьалбевллачу бахархоша хIоттийначу митингехь болх беш бара балхара бохийна ницкъаллин структурийн белхахой. Зазадокху-беттан 26-чохь меттигера бахархой митинге бевлира, ткъа шолгIачу дийнахь бертаза дIасабохийра гулбелларш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG