Оршотдийнахь, Мангал-беттан 7-чохь, Гаагерчу кхелехь дIадуьйлало 2014-чу шеран Товбецан-беттан 17-чу дийнахь Malaysia Airlines авиакомпанин Boeing 777-200ER кема чудожорах долчу девнан ладегIарш. Амстердам — Куала-Лумпур маршрутца MH-17 рейс кхочушъеш доьдучуьра чудаийтина лайнер. Белла чохь хилла массо а нах – 298 стаг. Кхел йолаелира 2020-чу шеран Зазадоккху-беттан 9-чохь Амстердамехь. Бехкевийриг ву виъ стаг, кхоъ ву царех Оьрсийчуьра. Уьш бу: ФСБ-хь болх бина полковник Гиркин (Стрелков) Игорь, Оьрсийчоьнан тIеман коьрта талламийн урхаллин (ГРУ) лакхара эпсар лаьттина Дубинский Сергей, тIеман десантан подполковник хилла Пулатов Сергей. ВоьалгIаниг ву Украинан вахархо, "ДНР" шех олучу сепаратистийн декъара тIеман талламчийн тобан куьйгалхо Харченко Леонид.
2014-чу шеран Товбецан-беттан 17-чохь Амстердамерчу Схипхол аэропортера гIаьттина кхо сахьт а долуш, Украинан стигалхула чекхдолучу юкъанна чудожийра "Боинг 777" "Бук" ракета тоьхна. Беллачу пассажирех бераш дара 80.
Беллачех дукхахберш (192) Нидерландин бахархой хиларна, Укранан Iедало бехктакхам таллар дехьаделира оцу пачхьалкхе.
Дуьненаюкъарчу Къаьмнийн Цхьаьнакхетараллица а, Дуьненаюкъарчу гражданан авицин цхьаьнакхетараллица а юкъаралла а лелош, Нидерланди резахилира талламехь хьалханча хила.
Нидерландин кхерамзаллин кхеташоно а, Цхьаьнатоьхначу талламан тобан а (JIT) динчу жамIо бхарехь, Украинан пачхьалкхах йоцчу, тIемалойн тобано долахь латточу малхбалерчу территори тIера герз тоьхна, чудаийтина кема.
Украинан малхбалерчу конфликтан декъахь йолчу агIонехь цхьаммо а тIе ца эцна шена авиакатастрофа эккхийтарна бехк. Оьрсийчоьнан тIеман министралло а, пачхьалкхан официалерчу урхаллаша а харцдо Дуьненаюкъарчу цхьаьнатоьхначу талламан тобано дина жамIаш.
2017-чу шеран Товбецан-баттахь Нидерландино дIахьедира, MH17 рейс хIаллакьеш дакъалаьцначарна таIзар къастор ду Нидерландехь, аьлла.
2019-чу шеран ГIадужу-баттахь Оьрсийчоьно дIахьедира, МН-17 рейс хIаллакьярна бехкевечу кхаа Оьрсийчоьнан вахархочунна тIехь кхел шега яйта, аьлла. Цунна Нидерланди реза ца хилира.
- Бехкевечу веаннах кхоъ реза ца хилира кхелехь дакъалаца. Цхьана Пулатовс элира, ша реза ву адвокатехула кхелаца юкъарло латто. Цунна гIодеш бу адвокаташ: Нидерландера шиъ а, Оьрсийчуьра цхьаъ а.
- Кхелахочо Стинхейс Хендрика дIахьедина, кхел лерина ю Оьрсийчоьнан тIеман буьйранчашна тIекхаччалц дIа йолу зIенаш тидаме эца, ткъа ша къастийна бехк билгалбоккхур бу кхеле ванза висинчу Дубинскийн а, Гиркинан а, Пулатовн а, Харченкон а, аьлла.