ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехк цабиллар дехийта гIерта шега, боху Кадыровн критика Халитов Хьасана


Халитов Хьасан
Халитов Хьасан

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критика Гуьржийчохь вехачу Халитов Хьасана керла видеокхайкхам дIаязбина нохчийн 1ADAT оппозицин телеграм-каналана. Цигахь цо дуьйцу шега бехк цабиллар деха, бохуш бу хьалхо ша шена дIовш дала гIертачу нахах лаьцна видео арахецар бахьана долуш, дийцнарг бакъ дацар а олуш.

Халитов дIахьедина Нохчийчохь болчу шен гергарчарна Iаткъам беш бу аьлла.

Халитов хьийзор доьзна ду онлайн эфирехь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир кIоршаме сийсазвина гуьржийн журналист Габуния Георгий вен дагахь тIелатар кечдар гучудоккхуш цо дакъалацарца.

  • Хьалхо хаам бинера, Гуьржийчохь вехачу нохчийн диссиденто бехке йина хиларх лаьцна Оьрсийчоьнан леррина сервисаш ша вен гIортарна. Цо зорбане яьккхира ца вевзачу стага а, зудчо а шена дIавш даларца доьзна хаттар дийцаре деш дIаязйина аудио.
  • 2020-чу шарахь Мангал-беттан 15-хь, Тбилисехь лецира Гуциев Мохьмад, 38 шо долчу ГIалгIайчоьнан вахархочун Боков Васамбекан кехаташ карахь а долуш. Гуьржийчоьнан низамаш лардон органаш шеко йолуш ю и стаг вен дагахь хилла журналист Габуния Георгий бохучух.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG