ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" клубо 70 миллион соьмана харж йина дIадахначу шарахь


Бютжетера 69,4 млн сом дайъина Нохчийчуьрчу "Ахмат" клубна 2020-чу шарахь.

Оцу ахчанах ах – 33,6 млн сом – дайъина "спортан барамаш хIиттош а, цигахь дакъалоцуш а". Кхин а 21,6 миллион сом дайъина спортхошна "стипенди а, совгIаташ а" кхачош. Персонална алапаш луш дIадаьлла 7,7 миллион сом. Ткъа бухадуьсучу 6,4 миллион соьмах эцна спортан гIирс а, духарш а. Юстицин министраллин документ иштта довзуьйту "МБХ медиа" портало.

2019-чу шарахьчул кIезиг ю стохка клубо йина харж – хIетахь дайъира клубо бюджетера 118 млн сом гергга ахча. 2018-чу шарахь дайъинера цо 148,6 млн сом.

  • 2020-чу шеран ГIуран-беттан юьххьехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа адамийн бакъонаш талхочу Нохчийчоьнан куьйгалхошца доьзна "Магнитскийн санкцийн глобал-тептара" язйира футболан "Ахмат" клуб а, латархойн "Ахмат" клуб а, Кадыровн Ахьмадан цIарх йолу фонд а.
  • Ютубо дIакъевлира хьалхо футболан "Ахмат" клубан а, латарш дIахьочу Absolute Championship Akhmat хьукматан а каналаш.
  • Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думерчу спортан комитето ял ялар лах а деш, бюджетца "Ахмат" клубна гIодар хьехна Iедална.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG