ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Словакин футболистах мах бала аьтто бац "Ахматан"


Соьлжа-ГIалара "Ахмат Арена",2018ш
Соьлжа-ГIалара "Ахмат Арена",2018ш

Нохчийн футболан "Ахмат" клубан проблемаш ю массо а арахьарчу компанешца, церан таро яц ур-атталла, 22 шо долчу Словакин спортхочух Альмаши Ладиславах мах дIабала а. Стохка Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло тоьхначу санкцийн тIаьхье ишта ю.

"Шу шаьш кхеташ дуй, проблемаш хиларх? Альмаших ахча дала тхан аьтто бац, словакаша боху: официалехь ахча чоьта тIе даккха. Тхан таро яц", - аьллачу "Ахматан" коьртачу тренеран Талаллаев Андрейн дешнаш далийна Sport.ru гIирсо.

2021-чу шеран Дечкен-баттахь санкцеш тоьхначул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу клубо "сезон ерззалц" мах а луш, лаьцна вара Альмаши. "Ахматехь" тIелетарг вара иза.

"Массо а арахьарчу компанешца проблемаш ю. Уьш бахьана долуш экипировщик а цхьана хуьйцу оха. WyScout компанех пайдаэца а таро яц тхан, йисинарг InStat ю",- аьлла, тIетоьхна Талалаевс, санкцешца йоьзначу халонех дуьйцуш.

Цо бахарехь, Америкерчу финансинй министралло санкцеш тухуш сацам бинчул тIаьхьа "Ахматан"президенто дош деллера клубана: "Ахчанна са ма гатде, оха йист йоккхур ю". Амма дерриг а ма-бохху ца нисделира.

2020-чу шеран ГIуран-беттан юьххьехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа адамийн бакъонаш талхочу Нохчийчоьнан куьйгалхошца доьзна "Магнитскийн санкцийн глобал-тептара" язйира футболан "Ахмат" клуб а, латархойн "Ахмат" клуб а, Кадыровн Ахьмадан цIарх йолу фонд а.
Ютубо дIакъевлира хьалхо футболан "Ахмат" клубан а, латарш дIахьочу Absolute Championship Akhmat хьукматан а каналаш.

Охан-баттахь Пачхьалкхан Думан спортехула йолчу комитето къобалдира Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш кхайкхийна футболан "Ахмат" клуб гIуданех мукъаяккхар а, цунна финансийн гIо кхачор а.

2020-чу шеран Мангал-баттахь Цхьаьнатоьхначу Штаташа адамийн бакъонаш талхорна Кадыров Рамзан язвира санкцийн тептара. Кхочу санкцийн таIзар цуьнан зудчунна Кадырова Меднина а, шина йоIанна Iайшатна а, Каринина а.

Кест-кеста спортан скандалашкахь нисло "Ахмат" футболан клуб. Карарчу беттан юьххьехь, клубан бархI футболхоюкъарваьккхира "Локомотивца" хиллачу тIаьххьарчу матчехь летарна. Хьешаша толам а боккхуш, 1:5 чоьтаца дирзира ловзар.

Стигалкъекъа-баттахь 20 эзар сом гIуда хьарчийра "Ахматах", Москварчу "Спартакца" ловзучу заманчохь микрофончухула харцонаш лелорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG