ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса коронавирусах 23 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 320


Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 23 пациент, цомгуш хилла кхин а 320.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 12 стаг, Ставропол-махкахь уьнах кхелхина – 6, Дагестанехь - 2, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а - цхьацца велла.

Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 267 168 стаг.

Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а.

Краснодар-мохк + 105 (50 116 ерриг хенахь)
Ставропол-мохк + 64 (55 848)
Дагестан + 57 (34 471)
ГIалмкхойчоь + 21 (21 127)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 16 (24 557)
Кхарачой-Чергазийчоь + 12 (20 655)
ГIалгIайчоь + 13 (15 965)
Адыгей + 9 (14 814)
Къилбаседа ХIирийчоь + 9 (17 145)
Нохчийчоь + 14 (12 473)

Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву 266 244 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду таханенна 5 264 047* * .

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG