ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрмалойчоьнан парламентан харжамашкахь тоьлла Пашинянан парти


КIирандийнахь чекхбевллачу Эрмалойчоьнан парламентан харжамашкахь тоьлла Пашинян Никола коьртехь волу "Махкахойн барт" парти – 53,92% кхаьжнаш бу цуьнгахьа. Иштта бу пачхьалкхерчу харжамийн коьрта комиссино, кхаьжнаш берраш а багарбинчул тIаьхьа, баржийна хаам. Амма бакъду, оцу партина 0,8% кхаьжнаш ца тоьъна Iедал дуьззина шен декъашхойх дIахIотто, билгалдоккху ТАСС агенталло.

ШолгIачу меттехь йолчу "Эрмалойчоь" блоко хIинцале дIахьедина, харжамийн жамIаш нийса дац, аьлла. "ТIаьххьарчу 8 баттахь леллачу хиламашка хьаьжча, юкъараллин дог-ойланашца ца догIу и жамI. Баккхий гуламаш латтийра оппозицино харжамаш хуьлуш, кIезиг пайдабеъна Iедало, халкъ цунах ца теша", - аьлла ду "Эрмалойчоь" блоко дина дIахьедар.

КхоалгIа меттиг баьккхина Эрмалойчохь президент лаьттинчу Саргсян Сержан "Сайн сийлаллица" цIе лелочу блоко а, Къоман кхерамзаллин урхаллин коьртехь лаьттинчу Ванецян Артуран "Даймохк" партино а – 5% кхаьжнаш. Парламенте кхача оьшу 7% уьш бацахь а, парламентехь кхоалгIа парти а хила езарна, депутатийн меттигаш лур бу оцу тобанна а.

Харжамашкахь дакъалаьцна Эрмалойчоьнан ах гергга харжамхоша.

Партийн векалша, тергамхоша, низам лардечу хьукматаша харжамийн де доьдучу сахьташкахь хаамаш баржабора, шайна харцонаш гучуевлла, олий, масала харжамхой Iехабо, царна тIеIаткъамаш бо, бохуш. Харжамаш боьлхучу юкъанна аьрзнаш дина шозза герзаш дийлина меттиг ю, аьлла.

2018-чу шеран харжамашкахь кхийолу партеш генна тIаьхьа а юьтуш, парламенте кхечира оппозиционер хиллачу, премьер-министр хIоьттинчу Пашинянан блок. Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца хьошаллехь волу Кочерян ларало цуьнан коьрта оппонент.

Пашинян Никола цуьнан оппоненташа бехкево Эрмалойчоь Азербайнджанца бинчу тIамехь эшарна. ДIадахначу шеран Лахьан-баттахь шина пачхьалкханна юкъахь машаран дийцарш хиллачул тIаьхьа протесташ юьйлаелира Ереванехь премьерна дуьхьал. Эшам хиларна Пашинянан агIоно бехкаш дохку хьалха пачхьалкхан коьртехь лаьттинчу наханна, Кочерянна а, Саргсяннна а.


ГIоьртинчу хьелашкахь дIабахара харжамаш, вовшийн юьхьйохуш хьийзира юкъараллехь агIонаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG