ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америко сакцеш шорйийр ю, нагахь санна уьш кхоччуш эвсара хир елахь


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан администраци Оьрсийчоьнна рогIера санкцеш кхайкхо кечлуш ю оппозиционерна Навальный Алексейна дIовш даларца доьзна. Оцу хьокъехь дIахьедина кIирандийнахь президентан Джо Байденан Халкъан кхерамзаллехула хьехамча волчу Салливан Джейка.

CNN телеканална еллачу интервьюхь Салливана аьлла, Вашингтон лерина яц Оьрсийчоьно динчу зуламашна, кибер-тIелетаршна, харжамашна юкъагIертарна я Навальныйх долчунна дуьхьало ца еш Iан.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Халкъан кхерамзаллин хьехамчас билгалдаккхарца, сакцеш шорйийр ю, нагахь санна уьш кхоччуш эвсара хирг хилар къаьстина даьлча. Химин герз юкъадаккхарна тухунйолу керла санкцеш ю хьехораш, аьлла Салливана.

Цуьнан дIахьедар арадаьлла Женевехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президентийн Женевера кхаа сахьтан цхьаьнакхетар дирзина масех де даьлча. Шина пачхьалкхан лидерша вовшашца хилла къамел пайде лору, агIонаша шайн позицеш цхьана а хьесапехь хийцина яцахь а.

CNN телеканало тидам тIеберзабо Байденанан дешнашна: Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш тояла тарло, нагахь санна Вашингтоно лелочу дипломатин дика жамIаш кхион аьтто балахь.

Женевехь дIадахначу кIиранах хиллачу барамехь Байдена хаийтина Путинна, Оьрсийчоьнна ирча тIахьало гур юйла, нагахь санна Навальный Алексей набахтехь лахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG