Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан директора Ахмадов Чингиса къамел дина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн а , мостагIий а хьокъехь.
Инстаграмехула яьржинчу видео чохь Ахмадовс боху, ша - "Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIентаца Кадыров Рамзанца ву", "нагахь санна цхьаъ вен эшахь, вен вогIуш иза велахь, вуьйр ву. Етта езахь, еттар а ю цунна, дош ала эшахь, дош а эр ду цуьнга".
"Кадыров Рамзанан мостагI нохчийн къоман мостагI ву", иштта шен мостагI а ву, боху телекомпанин директора.
- Шен керланийн цхьа сюжетерчу жимчу кийсаках пайда эцарна, Кадыров Рамзанан зударех лаьцна дийцинчу Оьрсийчуьрчу "Проект" портале арбитражан кхелехула жоп дийхира "Грозный" телеканало, амма кхело тIе ца ийцира и арз, яздора прессехь.
- "Грозный" телекомпанино Охан-баттахь Ютьюбан куьйгалле арз хьажийра оццу "Проектна" дуьхьал. Къовсамах къаста баллац йолчу ханна къевлина ду цуьнан ютьюб-канал. Телеканалан директора декхаре йо "Проект" шен сюжет массо а меттера дIаяккха.