ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуцериев, МАЗ, БелАЗ - Европан Цхьаьнакхетараллин санкцийн тептарахь


Гуцериев Михаил
Гуцериев Михаил

Европан Цхьаьнакхетаралло Оьрсийчуьра бизнесмен Гуцериев Михаил язвина Беларусан Iедало адамийн бакъонаш талхорца доьзна кхайкхийначу санкцийн тептара. Лукашенко Александран режимна дуьхьал кечдина санкцийн доьалгIа тептар къобалдина оршотдийнахь. Ткъа Гуцериев вевза Беларусан Iедалшца юкъарлонаш долу "Русснефть" компанин куьйгалхо санна.

"Коммерсанто" бечу хаамца, Оьрсийчуьра совдегар, бизнесан "Сафмар" тобан куьйгалхо Гуцериев Михаил санкцийн тептара язвина цо Лукашенкона тIекарло латтош хиларца доьзна. Билгалдаьлла иза дукха хенахь дуьйна Беларусан президентан доттагI хилар а, оцу юкъарлонах пайда а оьцуш, цо алссам хьал гулдина хилар а, республикерчу политикан гонашкахь иза лоруш хилар а, боху газето.

Санкцийн тептарахь ву 78 стаг а, иштта 8 хьукмат а. Церан активашна болх бан магош дац Европан Цхьаьнакхетараллерчу мехкашкахь. ЦIерш а, хьукматаш а йовзуьйту RFE/RL медиакорпорацин Беларуссин сервисо.

Керла санкцеш юкъаяьхна Беларусан Iедало тIаьххьарчу хенахь маршонашна дуьхьал гIулчаш яхарна а, цхьана декъанна, Минскехь Ryanair кема ницкъаша охьадоссорна а, блогер Протасевич Роман а, цуьнца хилла цуьнан накъост Сапега София лацарна а.

Керла санкцеш хьакхало Беларусерчу машенаш ечу МАЗ а, БелАЗ а корпорацех. Оццу могIарахь ю Гуцериевца юкъарлонехь йолу "Новая нефтяная компани" а, "Белаэронавигация" а, кхин 4 хьукмат а. Санкцийн тептарахь бу бизнесхой Олесин Алексей, Зайцев Александр, Тетерин Сергей, иштта Лукашенко Александран доьзалера нах, цхьаболу парламентан депутаташ, талламчаш, кхелахой, ницкъаллин структурашкара белхахой, институтийн ректорш.

Европан Кхеташонан куьйгалхочо Мишель Шарла "Лукашенко Александран режиме хьажийна кост" цIе тиллина санкцийн тептарх. Цо бахарехь, санкцех мукъавоккху некъ Iуьллу репрессеш совцорца, политикан тутмакхаш мукъабахарца, халкъаца политикан диалог йолорца.

Европан Цхьаьанкхетараллин арахьарчу гIуллакхийн министраллаша къобалдина санкцеш юкъаяхар. Хьакхалур ю уьш Беларусан экспортах а, банкех. Санкцеш къобалйийр ю Мангал-беттан 23-24-чохь Европан пачхьалкхийн куьйгалхой шуллучу саммитехь.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа юкъаяьхна санкцеш Беларусан 16 вахархочунна а, ницкъаллин блокан 6 урхаллина а дуьхьал, "Лукашенкон режимо репрессеш, гIелонаш яр юкъадаккхарна". Оцу хьокъехь хаам баржийна Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG