ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийн деоккупацин комисси кхоллар "эрна ду", боху Сухумехь


Ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Абхазин Республикан арахьарчу гIуллакхийн министралло "беса болх" бу, заманца богIуш а бац, аьлла Гуьржийчоьнан Iедало деоккупацин комисси кхолла бинчу сацамах. Иштта боху оцу хьокъехь министралло ша йинчу комментарехь.

"Деоккупацин комисси" кхолла сацамбарца Гуьржийчоьнан Iедал шайн бахархошна а, дуьненан юкъараллина а гайта гIертачух тера ду ша "оккупацехь йохкучу территорешца" дерг шогга "къасто" дагахь хилар дIахаийта. Тбилисино гойту и тема шен тергамехь юйла а, проблема кхочушъян берриг а ницкъ тIебахийта йоллийла а", – боху урхалло.

Цунна хетарехь, Абхазино "цхьа дог доцуш тIеоьцу гуьржийн Iедалан и тайпа пайдабоцу инициативаш".

"МаьIна дац ишта цIе а тиллина кхуллу комисси карарчу заман политикан лехамашца йогIу ала а, иза Абхазино къобалйийр ю ала а. Хаа декхар дара Тбилисина, ша кхоьллина хилла "Дикачу кханене гIулч" программа а санна, маьIна доцуш йоьрзур юйла, автономийн регионашкахь бехачу наханна гуманитаран гIо кховдо хIоттийча санна йолу хIара а", – боху Сухимерчу агIоно.

Инцициативана каронъерг "йоццачу ханна пропагандин эффект" бен яц, тешна ю министралла. Цо бахарехь, шина пачхьалкхан цхьабосса бакъонаш хиларрий, оцу тIегIанахь юкъаметтигаш тояррий бен тIе ца оьцу Абхазино.

  • "Гуьржийчоьнан пачхьалкхан деоккупацин стратеги а, конфликт машарца ерзор а" шех олу комисси кхоьллина Тбилисино премьер-министран сацамца Мангал-беттан 21-чохь. Цуьнан балханна тIехьожуш хир ю Гуьржийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG