ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхело 2 млн евро дала кхачийна Нохчийчуьра бахархой барах долчу девнехь


Бороздиновская юрт, 2005 шо
Бороздиновская юрт, 2005 шо

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело ши миллион евро гергга ахча дала декхарейина Оьрсийчоь 2005-чу шарахь Бороздиновская юьртахь 11 вахархо варца доьзна листинчу девнан сацамехь.

Страсбургерчу кхело Оьрсийчоьнан Iедал бехке лору адамийн бакъонаш ларъярх йолчу Европан коныенци талхорна, шайлахь адаман даха йолу бакъо а цхьаьна.

Тешаша а, бакъоларъярхоша а динчу дарешца а догIуш, 2005-чу шеран аьхка Оьрсийчоьнан тIеман министраллерчу "Восток" батальонан бIаьхоша вийна меттигера цхьа къано, шайца дIавигина II вахархо – дукхахберш суьйлий хилла уьш.

Оьрсийчоьно теллина хилларг. Амма "Востокан" куьйгалла къера ца хилла.

2005-чу шеран ГIадужу-баттахь Соьлжа-ГIаларчу гарнизонан тIеман кхело сацам тIеэцна "Востокерчу" цхьана ротин буьйранча Азиев Мухьади бехкевеш. Бороздиновскехь «зачистка» дIаяхьарна арахь токху хан тоьхна цунна, иза бехкевина шена даржо лучу бакъонел совваларна.

Байначу нехан гергарнаш Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле бевлла. Дов луьстуш хьалхара ладогIарш дIаьхьна 2006-гIа шо доьрзуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG