ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беларусин авиакомпанешна санкцеш тоьхначийн декъаяхана кхин а 7 пачхьалкх


Европан Цхьаьнакхетаралло Беларусан авиакомпанешна санкцеш кхайкхор къобал а деш, изза дехкарш дIакхайкхина Цхьаьнакхетараллехь йоцчу Европерчу кхин а 7 пачхьалкхо. Цара доьхку Беларусерчу кеманашна шайн территори тIе охьадисса а, цу тIера гIовтта а, шайн стигалхула дIасалела а. Юьйцу пачхьалкхаш ю Албани, Черногори, Къилбаседа Македони, Серби, Исланди, Лихтенштейн, Норвеги.

Европан Цхьаьнакхетараллерчу 27 махко Лукашенкон режимна дуьхьал санкцеш кхайкхийра Мангал-беттан 4-чохь.

Санкцеш юкъаяьхна Беларусан Iедало тIаьххьарчу хенахь маршонашна дуьхьал гIулчаш яхарна а, цхьана декъанна, Лукашенко Александран омрица Минскехь 132 стаг чохь волу Ryanair кема ницкъаша охьадоссорна а, Беларусера блогер Протасевич Роман а, цуьнца хилла цуьнан Оьрсийчуьра накъост Сапега София лацарна а.

Европан Цхьаьнакхетараллин арахьарчу политикан урхаллин векала Боррель Жозепа бахарехь, Цхьаьнакхетараллин Кхеташоно бина сацам къобал а беш, керлачу 7 пачхьалкхо а йохур ю Беларусна дуьхьал шайн санкцеш.

Санкцеш хьакхало Беларусерчу машенаш ечу МАЗ а, БелАЗ а корпорацех. Оццу могIарахь ю Гуцериевца юкъарлонехь йолу "Новая нефтяная компани" а, "Белаэронавигация" а, кхин 4 хьукмат а. Санкцийн тептарахь бу бизнесхой Олесин Алексей, Зайцев Александр, Тетерин Сергей, иштта Лукашенко Александран доьзалера нах, цхьаболу парламентан депутаташ, талламчаш, кхелахой, ницкъаллин структурашкара белхахой, институтийн ректорш.

Европан Кхеташонан куьйгалхочо Мишель Шарла "Лукашенко Александран режиме хьажийна кост" цIе тиллина санкцийн тептарх. Цо бахарехь, санкцех мукъавоккху некъ Iуьллу репрессеш совцорца, политикан тутмакхаш мукъабахарца, халкъаца политикан диалог йолорца.

Юкъаяьхна санкцеш хьакхалур ю Беларусан экспортах а, банкех а. Сацам къобалбийр бу Мангал-беттан 24-25-чохь Европан пачхьалкхийн куьйгалхой гуллучу саммитехь.

Европан Цхьаьнакхетаралло санна, шайгга санкцеш кхайкхийна Беларусерчу режимна дуьхьал Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Канадо а, Британино а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG