ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Протасевич дIалаьцнарш жоьпе озо кепаш лахар тIедожийна Байдена шен администрацина


Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Джо Байден
Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Джо Байден

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена тIедожийна шен администрацина кепаш лахар, Ryanair компанин некъахойн кема нуцкъала охьа а хаийна, Nexta телеграм-каналан хилла редактор Протасевич Роман лаьцнарш жоьпе озор Iалашонца. Цунах лаьцна дуьйцуш ду КIайн ЦIийнан сайта тIехь, хаам бо "Настоящще время" телепроекто.

"Цхьаьнатоьхначу Штаташа хаддочу кепехь емалдо кема [Минске] дIахьажор а, цул тIаьхьа Протасевич лацар а. Иза а, цул тIаьхьа Протасевича, гарехь ницкъ барна язйина видео а сийсаза тIелатар ду политикан кхин ойла хиларна а, прессан маршонна а", - билгалдоккхуш ду Америкин президентан дIахьедарехь.

Байдена дIахеца беза аьлла кхайкхам бина Протасевич а, "Лукашенкон режима харцонца чубоьхкина латто бIеннаш политикан тутмакхаш " а. Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа гIортор йо Минскерчу инцидентана дуьненаюкъара таллам бан беза бохучунна а, Евробарто и бахьана долуш санкцеш кхайкхорна а.

"Ас тӀараш детта беларусийн доьналлина а, хадамаллина а, коьртачу бакъонашкахьа къийсам дIахьуш болчу, шайна юкъахь, Протасевич Роман санна болу, журналисташ а, Тихоновская Светлана а, цуьнан хIусамда Тихоновский Сергей а санна болу оппозицин лидерш а болуш", – дерзийна шен дIахьедар Байдена.

Стигалкъекъа-беттан 23-хь Беларусин Iедалша, тIеман кема а гIаттийна, пилоташка харц хаам бинера кеманчохь бомба ю аьлла, Ryanair-ан кема охьахаадайта. Афинашкара Вильнюсе доьду кема Беларусина тIехула долуш Минске хьажийра. Цигахь Iедалш лаьцна оцу кемантIехь хилла оппозицин журналист Протасевич Роман. Цул тIаьхьа 12 пачхьалкхара 170 гергга некъахо тIехь волу кема дIадахна Вильнюсе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG