ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра митинг йохош гIара-серло оьккхуьйту гранаташ лелийна хилар билгалдаьлла


ГIалгIайчуьра митинг йохош гIара-серло оьккхуьйту гранаташ лелийна хилар билгалдаьлла

ГIалгIайн жигархойн дов хоттучу Ессентукерчу кхело теллина 2019-чу шарахь Магасера протестан гулам бохош Росгвардин дакъоша гIара-серло йоккху гранаташ кхуьйсуш гойту видеоматериалаш.

Адвоката Куриев Мохьмада дийцарехь, къайлабаьхьна болчу Росгвардерчу тешаша бакъдина доцург ду хIинца Iорадаьлларг – шаьш ца кхийсира гулам бохош гIара-тата доккху гранаташ аьлла дара церан дареш.

"Оха тахана теллира талламо кхеле балийнарш Iорабаха чуделла видеотоьшаллаш, цаьрга хьаьжча, гуш ду ницкъхоша и гIирс лелийна хилар. Нах ламазна гIовттучу хенахь, Iуьйрана 5 сахьт даьлча, хилла иза", – дуьйцу адвоката.

Цо бахарехь, кхело левина бехк тIебаьхначу агIоно шоьшаллина кхайкхина цхьа къано, Тайпанийн Кхеташонан декъашхо. Цуьнан къамел пайде хилла лецначийн агIонна.

"Цо тоьшалла дира, кхеле ийзийначу наха гуламхошка къепедацарш ма нисдалийта, бохуш, кхайкхамаш беш, аьлла. Шена дерриг а гина, жопалле ийзочу гуламан хьалханчаша ца кхойкхура нах низам дохоре, шена ца хааделла цара экстремистийн го кхуллуш, элира кхелехь къаночо", – билгалдаьккхира Куриевс.

  • Магасехь 2019-чу шеран Зазадоккху-баттахь лаьттинчу протестан митинган хьалханчаш хиларна кхеле балийна гIалгIайн жигархой. Митинг йохийра ницкъхоша оцу беттан 27-чохь. Нохчийчоьнца ГIалгIайчоьно къастийначу дозанна резабоцуш гулбеллера хIетахь протестхой.
  • Протестан лидерш политикан тутмакхаш лору бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчуьрчу Iедало арахьарчу агентийн статусе язйина "Мемориал", амма цо тIе ца эцна иза шена – ред).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG