ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тхо дойъур ду аьлла, ойла яра тхан". Кавказера зудабераш доьзалера идарх дуьйцу бакъоларъярхочо (2 дакъа)


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанехь зударий къайлабохучу хIусамера меттигерчу полисхойн гIоьнца гергарчара дIайигина 22 шо долу Тарамова Хьалимат бахьана долуш иккхина скандал хIинца а ерзанза ю Нохчийчохь. Ша дIайига баьхкинчарна Тарамовас дуьхьало еш видео Iораяьккхина бакъоларъярхоша. Делахь а, Соьлжа-ГIалахь хIинца а къар ца ло, йоI шен лаамехь цIа йигина, бохуш.

Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Анохинас ма-дарра дийцира, йоI лачкъийна йигарх а, Кавказера зударий стенах уьду а, цхьайолчу меттигашкахь волонтераш царна гIо дан дуьхьал стенна хуьлу а.

-Керла петар лоцур юй аша?

- Дера ю, цхьаъ хилла а ца Iа уьш тхан хIинца.

– Нохчийчуьра а доцуш, кхечу меттигера нах бевдча, полицин реакци ишта хуьлий гуттар а?

- Тхуна ма ца хаьа, муха реакци хир ю. Полицино тхоьга цкъа а хаьттина а, я хоьттуш хIума а дац, ткъа сан бакъо ю оцу хеттаршна жоп ца дала. Ишта хуьлуш ма ца хуьлу, цхьана цIа чу а иккхина, стаг ас вадош. Со цуьнца зIенехь хуьлу. Цхьа сацам тIеэцале хьалха, оцу стагаца гIуллакх дан оьшу я ца оьшу хьожуш, дехха къамелаш до ас. Мел кийча ву иза, шех Iотталун долчух мел кхеташ ву иза толлуш. Ас дIахоуьйту хIоранна а, цунах Iоттадала тарлучу халачух, хIунда аьлча, шелтер - цхьана ханна лачкъа йиш йолу хIусам бен ма яц. Цигахь яц царна нана а, деннана а. Цигахь хила тарло берийн бIоца вон амал йолу зударий. Цигахь царна тоьлла хьелаш цхьаммо а латтор дац.

Сан гIуллакх ду - ма-дарра долчух дIахаийтар, ресурсаш йовзар, ас гIо дича хIаллак-м хир вац-те и стаг хаар

Дийнна шарахь лелийра ас цхьа йоI. Эхашерачохь даим а къамелаш дора ас цуьнца. ХIора денна бохург санна. Дахарх лаьцна, кхерамех, халонех, дегайовхонех. Со кхета гIертара, мел шансаш ю цуьнан хьолах дIайола, нагахь санна, яда дезахь. Юьхьанца дуьйна ас олура даим а: "Хьо берта яло а, я хьоьга ма де и баха а - сан бакъо яц. Амма сан дуьйцийла ю, хьох Iотталун долчух а, мел еха а, хала а процесс ю и хьуна дIахаийта а".
Къаьсттина хала ду, нагахь санна, и стаг лоьхуш велахь, амма цуьнгахь кехаташ дацахь. Ас олу: "Хьо кехаташ схьаэца гIур ву, ткъа хьо лаца там бу. Дикка ойла елахь".

И бохург хIун ду, сан гIуллакх - ма-дарра хиндерг а, долуш дерг а довзийтар хилар, нагахь санна, ас цунна гIо дахь, хIаллак хир вуй-те иза аьлла, ойла яр.

Меттигаш бу, шаьш баха уьш кийча боций хиъча, оха зудаберийн гIуллак тIе ца лаьцна. Дуккха а хала истореш ю. Со елха ца йоьлхура, амма бекъачу бIаьргашца пена тIе а хьоьжуш, юьсура со, шен дахарехь ша ловчух йоIа сайга дуьйцуш. ЧIогIа Iадийна ладугIура ас цаьрга. Со кхетара, иза араяккха аьтто хир бу сан, ткъа кхин дIа?

Жоьпалла тIелаца аьтто боцу со декхаре хуьлура аьшпаш ботта, хIинца таро яц олий. Шина бераца яра иза, со кхетара, иза хIаллакхирг хиларх. 5-чу классера бер санна чохь латтайора иза, дуьненахь яха хууш йоцу. Оха барт бира, иза тIе ца лаца, тхо кхоьрура цунах. Цхьа хан яьлча, цуьнан юха а лаам хилахь, цхьаъ дер аьлла.

- Шайна етта бохуш, уьдура и зудабераш?

"Шена хаьара боху, тахана дас йишина йиттинехь, кхана ненах летар вуйла, тIаккха кхин а кхо де даьлча, юха а суна тIевоьрзур вуйла

– Доллу сурт меттахIоттало кега-мерса хIуманаш дийцича. Масала, хьоьца къамел деш ю цхьа йоI, цо боху, тахана дуьххьара чайна чу шекар а тесна, Iайго тата дарна а ца кхоьруш, кегош ду ша. Хьо тIаккха кхета оцу адамах. Я олу: хIица ванни чу йоьдуш, сайна ма-тов, неI къовла йиш ю-кх сан. Оцо гойту, стеган дахар ма -дарра, къегина. Масала, I2 шо долчу йоIа дуьйцура тхуна, хIоразза шайх летча, дIаяздора ша. Цунна хаьара, дас тахана йишина йиттинехь, ши де даьлча иза шайн ненах летар вуйла, юха а кхо де даьлча шен рагI хир юйла. Цхьа дозаллица санна тхоьга олура цо: "Цкъа а гал ца йолура со!"

– Хьалимтан дахарна тIехь терго латто аьтто бац шун?

- Тхан цуьнца зIе яц: иза ядале хьалха суна евзаш яцара иза.

- Цуьнан дахар хIинца кхерамехь ду-кх?

- Дац аьла хета суна.

- ГIуллакх дукха гIарадаларний?

- Оцу бахьанаца а.

- Хьалиматан цIа бахначу нохчийн бакъоларъярхойх лаьцна хIун эр дара ахь? Уьш хьуна бевзаш барий?

"Уьш бакъоларъярхйо бара? Ма дика ду и! Ишта бакъоларъяран белхахой болуш, со йоккхайоь

- Адамийн бакъонийн Кхеташонан куьйгалхо волу Алиев Тимур бен ца вевзара суна, иза а кхин уллора а ца вевза. ХIун эр ду ас? Ала хIуммаъ а дац. Уьш бакъоларъярхой бара? Ма дика ду и! Ишта бакъоларъяран белхахой болуш, со йоккхайоь. Хьенан бакъонаш ю цара Iалашъйийраш, кхета лаьара суна. Бакъоларъярхоша цхьа а бахьана доцуш едда иза а бохуш, вайна массарна а гир-кх Дудуркаева Луизица нисделлларг. Иза цхьаммо Iехийна, нийсачу новкъара яьккхина, бохура. Цуьнан истори йирзира, иза цIа а еана, коьртахь йовлакх а долуш, тIечIагIдира цо, ша тилийнера, аьлла. Юха а дIа ма яхара иза, хIунда аьлча, "Карфаген" (вайнехан паблик, "сий дойъучу" зудаберийн суьрташ Iорадоху.-Редакцин билгалдаккхар) тIаьхьаяьллера цунна.

- Муха гIо дойла ю хIинца вукху зен хиллачарна?

- Ахчанца оьшург дерриг а долуш ду. Наггахь финансийн проблемаш гучуюьйлура, йоIана кемана билет эца дезча, амма тхан аьтто хуьлура оцу тIехь. Тхайн белхаш тIехь тоаме ахча доккхуш ду тхо.

Стаг, цунна тIаьхьабевллачу нахах Iалашдеш цхьа низам тIеэца дезарх шуьйра дийца лаьара. Доьзалехь ницкъбарх низам дара тIеэца дезаш, ша дIакъаста луучу стагана, я дена-нанна кхунна иулло бахкар доьхкуш.

Цхьа механизмаш хила ма езара стеган шен доьзалца йолу юкъаметтигаш лелош, цунах муха эра дара а ца хаьа суна. Тхан тахана а сайчул а алсамох бакъонаш ю суна тIехь ден-ненан а, цIийнден а. И дерриге а пачхьалкхан тIегIанехь, ткъа адаман тIегIанехь- кхин ду: хьуна гой, хьайна уллорчу адамна хьайца вон долуш? Ехьа цуьнан ойла, доьзалан интересийн ойла а ца еш. Хьайга далург дехьа! Лаха бакъоларъярхой, лаха кризисан центраш, хьайн таро елахь, лаха адвокаташ. ХIунда аьлча, доьзалера зудабераш карахь ахча а доцуш, документаш а доцуш уьду. Чохь тудучу кIархашца хуьлу уьш! Дац цаьргахь ахча, царех кхеташ стаг а ца хуьлу, шаьш хьаьнга орца деха деза а хууш ца хуьлу.

Проблемаш луьстучу заманчохь, оха хьоьху зудаберашна уьш дакъошка ерзон. "Орца дала" бохуш ахь мохь ма хьекха, вай охьа а хевшина туьдур ду, стенах хьо ларъян еза. Бераш схьадохуш ду хьоьгара? Оьшу кехаташ кечдай вай, оцу тIехь мукъна а паргIат хир яра хьо. Чохь Iен меттиг бац хьан? Дика ду, тхоьгахь Iехьа. Деца-ненаца проблемаш ю хьан? Оха хIинцца царна тIеваха, цаьрца къамел дан стаг лохур ву.

Дукхазза маслаIатхой хила дезна тхан. Телефонаш а етташ, хIун ду хуьлуш дерг бохуш, тIекхиа гIертара тхо. Цунна тIехь ницкъ а беш, цунах там хуьлучу майрчуьнга юха дIаяхийта мегар дац и зуда бохуш, цкъацкъа уьш кхетон ницкъ тоьара тхан. Эвакуаци - тхан белхан жима дакъа ду, и болх бан атта а, эвсара а ду тхуна, хIунда аьлча, тхуна хаьа, хьаьнга довла деза.

- Шо хьалха хьайна кхерамаш тийсинчул тIаьхьа хьо пачхьалкхера дIаяхара. Юха хIунда еара хьо?

- Пачхьалкхера дIаяха езара аьлла, цкъа а боккъал а коьрте деана дац суна. Испанехь ехаш йиша ю сан, сан цхьаъ бен воцу йишин кIант Лондонехь вехаш ву. Дуьненан массо а пачхьалкхашкахь бехаш бу сан доттагIий, дукхазза цара дIакхайкхина со, тховкIело еха эшарх дийцина. Цхьана мIаьргонехь кхийтира со, сан меттиг кхузахь хиларх. Дика меттиг ца хила а тарло хIара. Хьан мел болу ницкъ, доллу хьан хазахетарш, хьан дахар дIаозон а тарло хIокху меттиго. Амма хIара сан меттиг бу. Цунах хьо кхетча, хаьа-кх хьуна, хIара хьайн кхоллам буйла.

Суна цкъа а ца лаьара ХIинжа-ГIалахь йиса.
Жимчохь дуьйна дIаяха лууш яра со, тIаккха юхаеача суна хетара, со хьелур яц кхузахь. Ткъа хIинца со тешна ю, хIара сайн меттиг хиларх. Суна хетарехь, цхьанге а далур доцург дан ницкъ бу сан кхузахь. Ницкъ кхачийна, дан хIума цахиларна, дог даьттIа елха а йиш ю сан. Ког дIа мел баьккхинчохь буьтуш аьшпаш хилча, хьан дан хIуммаъ а ца хуьлу. И тергал ца дан Iема хьо, я кагло хьо.

ТIаьххьара суна сайх лаьцна хезнарг хIун ду, бахамна тIехула хиллачу махинацешна юкъахь хилла ю боху со, сох лаьцна информаци 2012- чу шарахь арадаьллачу "Аргументаш а, факташ а" газета тIехь а ю боху. Казанехь боху, я Назранехь, я Сызранехь ас сайн 70 шо долу нана ша цхьаъ дIатесна а, дуьйцу. Оцу бехкашна дуьхьал хIуммаъ а ца дало хьоьга, хIунда аьлча, лартIахь доцург и хиларна. Хьан меттиг бу - цигара хьо шайн ма-хуьллу араяккха гIертарг. Хьуна Iаламат хала ду цигахь, амма хIетте а хьо цигахь юьсу.

***
Тарамова лечкъина хиллачу ХIинжа-ГIаларчу петарна тIелеттачул тIаьхьа, "Марем" проектан декъашхоша дIахьедар дина Талламан комитете, бакъо йоцуш хIусам чу гIортарна. Бакъоларъярхоша билгалдаккхарехь, нагахь санна, талламаш бан дуьхьал хилахь, царна кхин дIа латкъам бийр болуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG