ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организаци Iехо гIерта, боху юристаша


Бакъоларъяран "ОВД-Инфо" проектерчу юристаша харц лору Оьрсийчоьно шен бахархоша дIадахначу Iай Навальный Алексейгахьа хIиттийначу протестан гуламех лаьцна Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн организаце хьалхо дахьийтина документ. Оцу хьокъехь яздо "Коммерсантъ" газето.

Дуьйцург ду Оьрсийчоьно адамийн маршонаш хьешарх лаьцна бакъоларъярхоша динчу аьрзнийн хьокъехь Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн организацино шега деллачу хеттаршна дуьхьал Кремло дахьийтина жоп. Дуьненаюкъарчу хьукмато хаийтар дехнера Оьрсийчоьнан Iедале ша адамийн паргIатонаш, церан гуламаш хIитто йолу бакъо, оппозицигахьа долу низамаш муха лардо (пандемин хьелашкахь а тIехь). Иштта дехнера Оьрсийчоьне, масса стаг лаьцна ву, уьш стенна лецна хаийтар.

Хеттаршна жоьпаш а кечдина, Оьрсийчоьнан Iедало дIахьажийна документ зуьйш, дIахьедар кечдина "ОВД-Инфо" проектерчу юристаша Лохмутов Александра а, Шедов Дениса а.

Цара харцдо Оьрсийчоьно шен документехь яздинарг, масала, протестхой шайн митингаш ур-атталла Iедале хаьттина дIаяхьа а ца гIиртира бахар. Иза бакъ доцийла хоуьйтуш, юристаша йовзуьйту Москван мэрино гуламаш хIиттор доьхкуш деллачу документийн копеш.

Юристаша бехкедо Оьрсийчоьнан Iедал ша Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн организацина деллачу жоьпехь, митингаш бахьанехь лецначу нехан терахь лахара гайтарна а: лаьцна, полисхошна ницкъ барна чуволла хьийзош 24 стаг воллушехь, 12 ву аьлла ду Кремло дуьненаюкъарчу хьукмате хьажийна жоп. Цу тIе, пачхьалкхо толлуш а дац, полицино шайна ницкъ бина хиларх лаьцна ден аьрзнаш – иштанаш 130 ду, амма ца айдина цаьрца доьзна цхьа а бехктакхаман гIуллакх, боху юристаша.

"ОВД-Инфо" проекто шен дIахьедарехь хоуьйту кхелаша гIуданаш деттарна а, адамаш лецарна а бухадиллинарг деккъа дIа нах гуламашка арабовлар бен доцийла. Лецначу наха аьрзнаш дора, шайна шаьш лецна латточу меттигашкахь йиттина, бохуш. Ткъа Iедало информаци яржийра, гуламхошна гIело йира бохург харц ду, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG