ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровн киллерна" дуьхьал арз хьажийна Страсбурге Орлов Олега


Бакъоларъяран "Мемориал" центран (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма иза реза ца хилла и статус тIеэца - Ред.) куьйгалхочо Орлов Олега арз дахьийтина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. Нохчийчоьнан куьйгалхочо долийна кхерамаш тийсар соцуш дац, цуьнгара и некъ караэцна хьийзачу наха шега а, шен накъосташка а къидIа а кхоьхьуьйту машанашкахула эвхьаза хаамаш, чIагIдо Орловс.

"Цхьа зуда яьлла, тхуна евзаш а йоцу, цхьа Иконникова, цо ша " Кадыровн чалтач" ю боху. Иза могуш йоцуш хила а мега. Иза кхин барам бу, амма хьерабевллачу наха а до адамаш хIаллак", – элира Орловс Кавказ.Реалиин корреспонденте. Цо ша лерина ву боху туьйсучу кхерамашна низамца ма-доггIу дуьхьало ян.

Оццу хенахь Нохчийчуьрчу кхелашкахула лела кхин а цхьа бехккъастаман гIуллакх - "Интернетехь эладитанаш даржош болу нах" хIаллакбан беза, аьлла, Кадыровс динчу дIахьедарна низамо луш болу мах къастабайта гIерта Орлов, амма гIуллакх талла ца туьгу Талламан комитет.

"Таллам дIа ца бахьар – иза системин проблема ю. Талламан комитето тхоьга боху, оха зуламах лаьцна хаам бина бац. Шаьш хьаьвсина боху оха чуделлачу орзе. Ткъа муха хьавсина, хIун дина? Цхьа хIума ца дина, деккъа дIа дешна тхан кехат талламчас, сацам бина талла хIума дац, аьлла. Иза ду оха далхориг. Кхел а яра юьхьанца тхан арз листа духьалъяьлла, амма дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кIоштарчу кхело листира тхана арз, реза ца хилира дов гIатто. Кху беттан 30-чохь аппеляци луьстур ю Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелехь. Со вуьйр ву бохуш, кхерамаш туьйсу, ткъа Талламан комитет иза талла а реза яц, цуьнан бухе хьажа а ца лаьа. Со вийча гIаттор хир ду-кх бехктакхаман гIуллакх", – дуьйцу Орловс.

Хенан йохалла Кадыровс кхерамаш тийсарх лаьцна а дан дезар хир ду шен Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле арз, элира бакъоларъярхочо.

  • Хьалхо Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело юхаталла дIахьажийра Кадыровс официалехь кхерамаш тийсарх долу гIуллакх. Таллар ца долорна дина аппеляцин арз луьстуш Охан-беттан 7-чохь бира ишта сацам. Кадыровс нохчийн маттахь "байъа беза", "чубохка беза", "луъург дан деза" бакъоларъярхошна, журналисташна, социалан машанашкахула Iедална луьйчарна аьлла къамел дарца дозу Орловс кхеле ден аьрзнаш.
  • Кху деношкахь "Грозный" телеканалан директора Ахмадов Чингиса кхерамаш туьйсуш къамел дира мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна резабоцчарна дуьхьал. Инстаграмехула яржийначу видео чохь цо боху ша " Кадырова Ахьмад-Хьажин кIантаца Кадыров Рамзанца ву": "Нагахь санна цхьаъ вен везахь, иза вен дагIахь, вуьйр ву оха. Етта езахь, еттар ю, дош ала дезахь, дош а эр ду".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG