ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тепсуркаев Салманан зуда эшам хилла ца лору Талламан комитето


Нохчийчуьрчу Талламан комитетан урхалло, ша ца лору Геленджикехь лачкъийначу Тепсуркаев Саламанан зуда бехктакхаман гIуллакхехь эшам хилларг, аьлла жоп делла зудчо динчу дехарна дуьхьал. Оцу хьокъехь хаам бина Кавказ.Реалиин корреспонденте Тепсуркаева Елизаветин агIолоцучу "Iазапна дуьхьалояран комитетехь".

Каарачу ханна кхоччуш сацам бовзуьйтийла дац, ша иза бовзуьйтуш кехат хьажор ду аьлла талламчас телефонехула, дуьйцу "Iазапна дуьхьалояран комитетерчу" юриста Маннапова Лайсана.

Тепсуркаевн цIийннана бехктакхаман гIуллакхехь эшам хилла агIо ца лоруш сацам бахь, шаьш арз дийр ду прокуратуре а, Соьлжа-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан кхеле а, боху юристаша.

Хьалха а шозза Тепсуркаева Елизавета эшам хилларг лара реза ца хилла Краснодар-махкарчу Геленджикерчу Талламан комитетан урхалла – цигара вадийра Тепсуркаев. Елизавета официалехь Салманан зуда лоруш документ дац, боху талламчаша, оцу шимма бусалба Iедалехь никIах динехь а.

"Нохчийчохь царна юкъахь долу никIах тоаме хир ду аьлла хеттера тхуна, цигахь кегийнах дукха хьолехь ЗАГС-е лелаш бацаре терра, бусалба динехь къастабелла бу уьш. Салманан а, Лизин а юкъахь бу бахам, и шиъ хьолаца а, гIиллакхехь а дозуш ларало вовшашца", – билгалдоккху юриста Маннаповас.

Тепсуркаев вадийча, церан цIа полисхой эха боьлча, шен Соьлжа-ГIаларчу медицинан факультетера дешар а а дитина, кхечу регионе дIаяха дезна Елизаветин. ХIинца иза психиатрна тIелелаш ю – майра вадийча синна бохам хилла цуьнан.

  • 2020 шеран ГIура-баттахь Талламан комитето бехктакхаман дов айдира 1Adat телеграм-каналан чатан модератор Тепсуркаев Салман варца доьзна. Иза 2020 шеран Гезгмашин-беттан 6-чохь вадийра Геленджикера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера ду шаьш аьллачу наха. ТIаьхьо гергарчарна геопозици тергалъярца хиира иза Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу полкехь хилар. Цул тIаьхьа яйра Тепсуркаев лар.
  • "Iазапна дуьхьалояран комитето" Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле арз хьажийна Тепсуркаевн бакъонаш талхорах лаьцна, иза, ша-шена неIалт а олуш, шишанна тIехаа гIерташ яьккхина видео яьржинчул тIаьхьа. И видео яьккхира жигархо Геленджикехь вадийначул тIаьхьа.
  • Бакъонашларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар) Нохчийчуьрчу оппозицин 1Adat телеграм-каналан модератор лаьттина, 2020-чу шеран Гезгмашин-баттахь лачкъийна волу Тепсуркаев Салман политикан тутмакх лору.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG