Соьлжа-ГIалахь Мангал-беттан 23-чохь, "Нохчийн Республикан халкъийн дуьненаюкъара гулам" цIе а йолуш, вовшахтоьхначу форумо гурахь хинболчу республикан куьйгалхочун харжамашка шен кандидатура йиллар дийхира Кадыров Рамзане. И барам боьрззушехь онлайнехь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира къамел дина Кадыровца, къобалдина иза шегарчу дарже юхахаржар.
Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, "халкъийн дуьненаюкъара гулам" аьлла дIабаьхьначу барамехь дакъалаьцна 23 пачхьалкхера веъначу 5 эзар сов делегата. Амма муха хаьржира и нах делегаташ, хьенан цIарах бахна уьш форумехь дакъалаца, хьан къаьстийна кхечу пачхьалкхашкара Соьлжа-ГIала баьхкинарш хууш дац.
Гезгмашин-беттан 19-чу дийнахь хинболчу Нохчийн Республикан куьйгалхочун рогIерчу харжамашка шен кандидатура хьалхататта декхаревира Кадыров гуламан делегаташа шаьш тIеэцначу резолюцехь.
Социалан машанашкахула а, мессенджерашкахула а хиллачу бараман мах хадош, "дуьненаюкъара декорацин гулам" цIе тоьхна хиламах Европерчу нохчийн диаспорийн векалша, цара тардолуьйту форуман декъашхой "эцна" хилар.
Путинан а, Кадыровн а белхан онлайн-къамел, зорбане яьллачу видеога а, стенограммига а хьаьжча, иттех минотехь лаьттина. Пачхьалкхан куьйгалхочо бахарехь, Нохчийчохь индустри, юьртабахам, демографи кхиаран болар Оьрсийчоьнан юкъарчу барамал лакхара ду, амма тIаьхьаюьсу республика социалан объеташ, берийн бошмаш, хIусамаш ярца а, нехан дахаран таронаш кхиорца а.
Кадыров Рамзана дийцира махкахь вакцинаци хIайт-аьлла йоьду, нах мехий деттийта рогIе хIиттина лаьтта, аьлла. "Вакцина дифиците яьлла тIаьххьарчу кIиранах, ахь цунна тIе тидам берзабойла лаьара тхуна", – элира Кадыровс.
Къамел дерзош Путина бохура: "Суна гарехь, хьаржамашка ваха веза хьо, бан беза хьайн болх кхидIа а ".
2007-чу шарахь дуьйна ву Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан куьйгаллехь. Цуьна дарж охьадуьллу хан кхочу Гезгмашин-баттахь. Оьрсийчуьрчу регионийн куьйгалхошлахь массарел дукха Iийна иза губернаторан даржехь.
"Кадыров, Нохчийчоьнан куьйгалхо хиларал совнаха, авторитетехь ву массо а нохчийн диаспорашна. Дуьненаюкъарчу гуламо гайта дезаш дара, Соьлжа-ГIаларчу Iалашонашца а догIуш, нохчийн къам цхьаъ дуйла, бертахь дуйла, цхьацца бахьанашца махкахбевлла нах Кадыровца буйла гайIтар", – аьлла мах хадийра хиллачу бараман Кавказ.Реалиица къамел деш политолога Калачев Константина.
Путина Кадыровца динчу къамелах лаьцна Калачевна хетарг иштта ду: президентан балакхочу Нохчийчохь бехачу нохчийн, цунна лаьа арахьа болу нохчий а низамехь бехийла, "бен а дац муха, муьлхачу кепашца Кадыровс иза до".
- 2021-чу шеран гурахь хила беза Къилбаседа Кавказерчу беа махкахь куьйгалхойн харжамаш – юхахаржа тарлуш ву Нохчийчохь – Кадыров, Кхарачой-Чергазийчохь – Термезов, керла, ханна хIиттийна куьйгалхой Дагестанехь а (Меликов), Къилбаседа ХIирийчохь а (Меняйло).
- "Нагахь санна ур-атталла масех процент бахархой а сан кандидатурина дуьхьал хилахь, со харажамашка ваха дагахь вац", - хаам бира Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 19-хь "ВКонтакте" социалан машанехь.