ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровга даржехь висар дехна Соьлжа-ГIаларчу гуламан декъашхоша


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, "Нохчийн Республикан халкъийн дуьненаюкъара гуламехь" вистхуьлуш ву муфтий Межиев Салахь, Манг. 23, 2021
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, "Нохчийн Республикан халкъийн дуьненаюкъара гуламехь" вистхуьлуш ву муфтий Межиев Салахь, Манг. 23, 2021

"Нохчийн Республикан халкъийн дуьненаюкъара гулам" цIе а йолуш, Соьлжа-ГIалахь вовшахтоьхначу форумо гурахь хинболчу республикан куьйгалхочун харжамашка шен кандидатура йиллар дехна Кадыров Рамзане, хаам баржийна "Нохчийчоь Тахана" агенталло.

"Гезгмашин-беттан 19-чу дийнахь хинболчу Нохчийн Республикан куьйгалхочун рогIерчу харжамашка хьайн кандидатура хьалхататта. …Хьан бакъо яц тхан лаам тIе ца эца", - аьлла ду тIеэцначу резолюцехь.

Делегаташ теша, боху документо, Кадыровн кандидатура Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира а къобалйийриг хиларх.

Нагахь ур-атталла масех процент бахархой сан кандидатурина дуьхьал хилахь, со харажамашка ваха дагахь вац

Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, "халкъийн дуьненаюкъара гулам" аьлла дIабаьхьначу барамехь дакъалаьцна 23 пачхьалкхера веъначу 5 эзар сов делегата. Амма муха хаьржина и нах делегаташ, хьенан цIарах бахна уьш форумехь дакъалаца, хьан къаьстийна кхечу пачхьалкхашкара Соьлжа-ГIала баьхкинарш хууш дац.

Цхьа бутт хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша шеко йолуш хиларх лаьцна хаийтира республикан куьйгалхочуьнан харжамашкахь ша дакъалацаран хьокъехь. Цунах лаьцна сацам бале хьалха юкъараллина хетарг къастош, леррина таллам бан дагахь ву ша, элира цо.

"Нагахь санна ур-атталла масех процент бахархой а сан кандидатурина дуьхьал хилахь, со харажамашка ваха дагахь вац", - хаам бира Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 19-хь"ВКонтакте" социалан машанехь.

Гарехь, шинарин дийнахь сихонца вовшатоьхна гулам бу Кадыровс хьехийнарг.

Кадыров Нохчийчоьнна куьйгалла до 2007 шарахь дуьйна. ТIаьххьара хиллачу харжамийн официалан жамIашца а догIуш, 2016-чу шарахь цо гулдира 97,56% кхаьжнаш.

Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхорна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа кхайкхийначу санкцешна кIелахь ву иза а, цуьнан юххерчу гонера масех стаг а.

Кадыров вевза шен девне дIахьедарш дарца. Ткъа кху деношкахь пачхьалкхан "Грозный" телеканалан директора Ахмадов Чингиса дIахьедар дира, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна критика йинарг шен мостагI ву аьлла.

Инстаграмехула яьржинчу видео чохь Ахмадовс бохура, - "Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIант бахьана долуш, нагахь санна цхьаъ вен эшахь, вен вогIуш иза велахь, вуьйр ву ша. Етта езахь, еттар а ю цунна, дош ала эшахь, дош а эр ду цуьнга".

  • Хьалхо дийцина ма-хиллара, республикал арахьа йолчу нохчийн диаспорашкахь нах бу, Нохчийчоьнан куьйгалхошна а, республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а хIуманаш дийцарна дуьхьало ян декхаре бина.
  • Стигалкъекъа-баттахь Пермь гIаларчу кхиазхочо Кадыров Рамзане дийхира шена цунах ша "шайтIа" аларна къинтIеравалар. "Къурд" олуш яьккхина видео ю нохчийн инстарам-каналашкахула лелаш.
  • Хьалхо Тик-Токехь жимчу стага видео яржийра Москвана гергахь вехачу шен нийсархочун-дагестанхочун, деношкахь гергарчара Кадыровга къинтIеравалар дехначу кIентан агIолоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG