ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беларусехь Протасевич а, Сапега а изоляторера цIахь лаьцна кхобучу кепе даьккхина


Беларусерчу оппозицин Nexta телеграм-каналан коьрта редактор Iийна Протасевич Роман а, иза тIехьийза йоI, Оьрсийчуьра Сапега София а – Минскехь Ryanair рейсан кема охьадоссийна, лецира и шиъ – цIахь лаьцна латточу кепе даьккхина изоляторера. Оцу хьокъехь церан гергарчара хаийтина "Би-би-си" радион оьрсийн сервисе.

Ши-кхо де а ду, гергарчара дийцарехь, Минскехь цхьацца даьккхина, петаршка къастийна Протасевич а, Сапега а.

Протасевич Романан дас Протасевич Дмитрийс, шайна а хета тамаше шен воI а, иза тIехьийза йоI а цIахь лаьцна латточу режиме даккхар, аьлла. Цунна гарехь, Роман цхьана политикан ловзаршна юкъаозийна. Цуьнгахь йолчу информацица, Протасевич Романна а, Сапега Софияна а тIебаьхьина бехк бац юхабаьккхина.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG