ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Барт реза ца хилла Путинца саммит дIаяхьарх йолчу ойланца


Европан Бартан пачхьалкхийн лидерша къобал ца дина Оьрсийчоьнца цхьаьнакхетарш дIадахьа дезара, аьлла, Германино а, Францино а хьалхатеттинчу ойланца.

Президентца Путин Владимирца къамелашка вала дуьхьал ву Европерчу мехкийн итт лидер, коьртачу декъанна Малхбалерчу Европан куьйгалхой. Литуван президента Науседа Гитаниса Европан Цхьаьнакхетараллин саммитан хьалхара де доьрзуш дIахьедина, хьалхе ду Путин Владимирца цхьаьнакхетарш дIадахьа, Оьрсийчохь цкъачунна гуш бац дикачу агIор хийцамаш, ткъа юкъаметтигаш Москваца иэгIаш бен а яц, аьлла. Оцу хьокъехь хаам бина Би-би-си радионо.

Bloomberg агенталлан информацица, инициатива йийцарееш, I0 пачхьалкх дуьхьалхилла цхьаьнакхетаршна, царна ца тов и ойла «тIаьххьарчу минотехь» къадийна хилар.

Путин Европан хьалханчашца къамеле кхайкха лаам къадийнарг яра Германин канцлер Меркель Ангела. И ойла къобалйира Францин президента Макрон Эммануэла. Путинан, Байденан цхьаьнакхетаро прецедент ло Оьрсийчоьнца Европан юкъаметтигаш денъян луучу Германина, аьлла бара хаам.

Мангал-беттан 23-чохь Германин а, Францин а арахьарчу гIуллакхийн министраша, Оьрсийчоьнца саммит хIотто езара, аьлла, дIахьедира Европан Бартан векалийн кхеташонехь – иза цецбовларца тIеэцнера пачхьалкхашкарчу политикаша.

ПIераскан буьйса тIекхочуш Меркела бакъдира агIонаш саммитна реза йоцийла. "Суна лиинера вай майрра гIулч йоккхийла, ткъа мегар ду хIета, болх дIахьор вай вешан", - аьлла Меркела.

Делахь а Москваца юкъарлонаш латто деза ЕвроБартана пайде йолчу агIонашкахула, аьлла мехкийн лидершна. Юьйцурш ю могашаллица, жил-Iаламан, экологин, арахьарчу политикан, масала, Шемин, Либин, ГIажаройчоьнан хьокъехь йолу юкъаметтигаш.

Оцу юкъанна Европан Барто Еврокомисси а, Европан арахьарчу политикан урхаллин куьйгалхо Боррель Жозеп а декъаребо Оьрсийчохь маршонашна, демократина тIегIертачу бахархойн агIолаца. Оьрсийчоьно кхидIа а зуламе гIулчаш йохуш нислахь, цунна дуьхьал керла санкцеш хIитто ша кийча юйла а хоуьйту Европан Цхьаьнакхетаралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG