ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Иэсан тептар". Коронавирусах кхелхинчу нохчийн лоьрех дийцарш


Гайтаман сурт

Пандеми марсаяьллачу муьрехь лоьраш лаьттара шайн гIаролехь. Дерриг а дуьнентIера медикаш а санна, хIора дийнахь хIуьттура нохчийн лоьраш COVID-19 уьнна дуьхьал бечу тIаме – нехан могашаллин дуьхьа шайн могашалла хIиттайора цара кхерамна кIел. Де-буьйса доцуш, дарбан хIусамашкахь хьора цара хан, рагI ца лоьруш бора болх, беттанашкахь ца гора шайн гергарнаш. Цхьаберш царех, кхин цIехьа ца боьрзуш, бисира тIаьххьара а "Иэсан тептарахь".

"Гипократан дуй" ца къарбеш, белхан меттигашкахь беллачу цхьаболчу лоьрех лаьцна дуьйцу Маршо Радионо.

Тешаме лор Лариса

Мирзоева Лариса
Мирзоева Лариса

Мирзоева Лариса, 35 шо. ТIехьа-Мартанан кIоштан дарбан цIийнан клиникан лаборант

"Дархочуьнга хьажа яхначуьра хIинций-хIинций иза юхайогIу бохуш Iаш ду тхо"

ХIора стеган схьалаьцна цхьа Iалашо хуьлу - школа яьккхинчул тIаьхьа ша хIара я важа говзалла карерзор ю аьлла. Цуьнан оцу харжамна тIеIаткъам бо дуккхаъчу факторша - цхьанна шен говзалла карайо телевизоре хьоьжучу заманчохь, вукхунна шен ден-ненан масалашна тIехь.

Стигалкъекъа-беттан 10-чохь кхелхира Лариса, шен 35 шо а кхачале, шолгIачу доьзалхочух а йолуш

Дуккхаъчу говзаллашца интерес яра Ларисин, делахь а, иза билггал тешна яра, ша медицина хоржур ю аьлла. Соьлжа-ГIалара лоьрийн доьшийла чекхъяьккхинчул тIаьхьа ша кхиъначу кIошта юхайирзира иза клиникан лаборантан дипломца.

- Лариса дукха жима йолуш дуьйна яра массо а хIумана тIаьхьакхиа гIерташ, цхьа харизма йолуш, дог цIена, нах безаш. Коронавирусан инфекцица ша Iуьллучу хенахь а самукъане хуьлура иза, тхо иракархIиттош, дерриг а дика хир ду, шена а гIоле хир ю бохуш, - дагалоьцу Ларисин дейишас Мирзоева Заргана.
Амма кхин меттара ца гIаьттира иза. 2020-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 10-чохь кхелхира Лариса, шен 35 шо а кхачале, шолгIачу доьзалхочух а йолуш.

"Пандемин муьрехь медикан дахар цхьа маьIне хуьлу, хIунда аьлча, хIора лор, медйиша, лаборант, уьш берриг а кхечу адамийн дахарна гIаролехь лаьтташ хиларна. Халахеташ делахь а, гуш воцчу мостагIца болийначу тIамехь кест-кеста нисло шаьш лоьраш хIаллакхуьлуш. Термулаева Ритас куьйгалла дечу Нохчийчуьрчу Роспотребнадзоран урхалло кадам бо Мирзоева Ларисин гергарчаьрга", - аьлла, яздинера Роспотребнадзоро шайн сайтехь.

1995-чу шеран Дечкен-баттахь Соьлжа-ГIалахь штурм йирзинчул тIаьхьа, Соип болх беш хилла лазартне танкан дивизин караяхара

"Йоккха оптимист, дика нана, оьшучунна орцах яла даим а кийча, тешаме адам дара иза". Иштта дагахь йиссина Лариса, цуьнца 11 шарахь цхьаьна болх беш хиллачарна.

- Ларисин кхалхар - боккха эшам бу тхуна, дархочунна тIеяхначуьра хIинций-хIинций иза юхайогIу бохуш Iаш ду тхо", - дагалоьцу иза цуьнан белхан накъосташа.

Уггар а лазаме дерг ду, цуьнан шо кхаьчна йоI Иман нана йоцуш йисар.

Дог майра Соип

Солсаев Соип
Солсаев Соип

Солсаев Соип, 59 шо. Соьлжа-ГIаларчу Эпендиевн цIарахчу клиникан дарбан цIийнан коьртачу лоьран гIовс.

"Сайн коллегаш а, дархой а дIатаса йиш яц сан"

Дуьххьара дацара Соип вала цхьа маӀар биллал меттиг бен ца юьсучу мIаьргонехь нислуш. Шен 17 шо долчу заманчохь, чолхе операци йира цунна, пехашна чу хьу кхетта. Оцу тIехула аьрру агIор болу пах дIабаккха дийзира цуьнан. Ткъа Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь, Соип цхьа Делан къинхетам юкъа а боьлла, дийна висира.

Солсаев Соип а, цуьнан хIусамнана Хункаева Марета а
Солсаев Соип а, цуьнан хIусамнана Хункаева Марета а

Цуьнан хIусамненан Хункаева Маретин дагалецамашкара:

- 1995-чу шеран Дечкен-баттахь Соьлжа-ГIалахь штурм йирзинчул тIаьхьа, Соип болх беш хилла лазартне танкан дивизин караяхара. Нохчийн 15-х лор висира оцу дарбан цIийнехь, вара цаьрца Соип а. Чевнаш йинчу нахана дарбанаш лелош болу уьш йийсаре лецира. Ларамза цхьахволчу лоьрана омра гина хиллера, кхеран меттан кхайкхина санитаран дакъа схьакхаьчначул тIаьхьа, царна тоьпаш тоха бинчу сацаман.

Оцу лоьран ка яьллера, хIетахь Нохчийчохь болх беш хиллачу дуьненаюкъарчу "Merlin" организацига цунах лаьцна дIахаийта. Ткъа цара рацешкахула хаамийн гIирсашка Iораяьккхинера и информаци. Ишта шаьш нахаладевлча, шайн сацам юхабаккха дезнера Соип а, цуьнан накъостий а лаьцначийн.

Махкахь пандеми яьржича, Маретас сагатдора шен хIусамдена, хIунда аьлча, уггар а хьалха ун дала кхераме болчу нехан декъехь иза хиларна. Цо дехарш дора цуьнга, цIахь саца бохуш. Соипа дуьхьало йора: "Тхан лазартнехь 50 шарал тIехбевлла нах бу кеп-кепарчу лазаршца. Цхьаьнца астма ю, вукхуьнца диабет, аллергия. Суна а санна, царна а лаьтта кхерам. Цундела сан йиш яц сайн белхан накъостий а, дархой а дIатаса", олий.

- Юьхьанца дегI дика доцуш вара Соип. Тхуна моьттура, кIадваларца а, наб цатоарца а доьзна ду и аьлла. Амма, де дийне вон хуьлура цунна, цул тIаьхьа со а, бераш а цомгаш хилира. Со а, Соип а клиникан лазартне дIахьажийра. Коронавирус яц иза, цхьа кхин лазар хир ду бохуш, тIаьххьалц дог ца дуьллура оха.

Амма компьютеран томографи йича гучуделира, Соипан пехаш 50 процентна дIалаьцна хилар. Сан 25-50 %. Шайн ницкъ мел берг дора лоьраша, Соип оцу гуш воцчу мостагIчун буйнара ваккха гIерташ, амма, аьтто ца белира церан, дагалоьцу Солсаевн хIусамнанас. Лор Солсаев Соип кхелхира стохка Стигалкъекъа-беттан 23-чохь.

2020-чу шеран Мангал-беттан 23-чохь, Соип велла бутт кхочуш, цуьнан винчу дийнахь Фейсубкан агIонехь хиллачу доттагIаша безамца дагалецира иза. Нохчийчохь культурин министр лаьттинчу Осмаев Мовлас дийнна пост язйира цуьнан агIонехь.

Цхьа дагахь доцург а хилла, Рамзан толур ву аьлла, тешна бара тIаьххьалц цуьнан гергарнаш а, бевза-безарш а. Амма, кхара сатуьйсург кхочуш ца хилира

"Тахана 59 шо кхочур дара Солсаев Соипан. Гоьваьллачу оьрсийн лоьрана Склифосовский Николайна хIоттийначу хIолламна тIехь яздина ду боху: "Кхинаш кIелхьарбохуш, хьуо ле хьо. Кхечарна серло а луш, вогу суо" аьлла. Ишта, шайн синош ца кхоадеш къахьегначу лоьрийн девизца, адамаш коронавирусах кIелхьардохучу юкъанна шен белхан меттигехь кхелхина Дала мухIар тоьхна лор Солсаев Соип.

СаIуда Iаьрбийчу хьаж дан вахначохь вевзира суна иза. Лоьрийн цхьа тоба яра цига еана. Кхин а дуккха а болу зияртхой санна, ког мел баьккхинчохь даим а латийна хуьлу кондиционераш бахьана долуш шелвеллера со. Буьйсанна хан яьллачу заманчохь лоьрийн неI тоха дийзира сан. Цхьа цIеначу аматехь, хаза хабар долу цхьа жимстаг дуьхьал веара суна. Соьца медпункте а веана, йоллу процедурех чекхваьккхира цо со. Оцу динахь дуьйна цо дола деш, схьавеанчу суна хаза гIоле а хилира. Иза хиллера Солсаев Соип.

ХIетахь дуьйна лелош гергарло дара охашиммо. Мичча хенахь а со дарбан цIийне веача, доллу сан гIуллакхе хьожура иза, шен белхан меттехь чай ца мелча дIа а ца вохуьйтура цо со. Ишта вара сан доттагI Соип: суьпа, бала кхочуш, комаьрша, догцIена, лараме..."

1989-чу шарахь Нохчийчуьрчу могушаллин министралло Ведана-кIоштан дарбан цIийне хьажийра Солсаев Соип. Лор-хирург аьлла, тIе а чIагIвина, болх бира цо цигахь. Соип говза, кIоргера Iилма, хаарш долуш лор хиларх тоьшаллаш дуккха а даладо веданхоша. Масала, Дишни-Веданарчу яхархочо Г. Зинас дуьйцу, шен де эшначу дийнахь, цуьнгара шена хиллачу гIоьнах.

"Шийлачу маьхьарца, гай а дистина, воьлхура сан кхо бутт бен боцу кIант. Цунна дан амал доцчу аса, вадийна тхайн дарбан хIусаме вигира иза. ТIебирзинчу лоьраша цхьабоса "аппендицит" ю, Соьлжа-ГIала охьавига веза маса аьлла, сацам бира.

Мичара волу а ца хууш, гулбелларш дIаса а теттина, тIекхечира тхуна цхьа хазачу куьцехь лор. Сан кIанте хьаьжначу цо, доцца хадийра: "Аппендицит яц, диъна худар ца тайначух тера ду". Ишта хила а хиллера. Цо яздинчу дарбанах товелла кIант а валош, цIа яхара со пхи де даьлча. ТIаьхьо хиира суна цуьнан цIе - Солсаев Соип хиллера иза, Дала декъал войла иза!", - дагалоьцу Зинас.

Билгалдаккха догIу, Соипан а, Маретин а бераш шайн ден-ненан лорах дахна хилар. Йоккхахйолу йоI Элита Соьлжа-ГIаларчу номер 2 йолчу берийн дарбан цIийнехь педиатр ю, ткъа шолгIа йоI Лалита - эндоскопист ю шен дас болх бинчу клиникехь. Медицинан говзалла карерзош, СОГМА-хь доьшуш волу церан воI Асхьаб а ву лор хила дагахь.

Дика кIант Рамзан

Айдамиров Рамзан
Айдамиров Рамзан

Айдамиров Рамзан, 36 шо. Нохчийчуьрчу лоьрийн сихонан гIо кхачочу станцин коьртачу лоьран гIовс

"Нана, суна карийна коронавирусах дарба..."

Цхьа бакъахьачу доьзалехь вина а, кхиъна а вара Рамзан. Цуьнан да Авалус Соьлжа-ГIаларчу номер 39 шо долчу школехь директоран болх бина. Нана Лайлаъ повар яра. Рамзанан дас-нанас дийцарехь, жимчохь дуьйна шена хьалха хIоттийна Iалашо яра цуьнан- лор хила. 2000-чу шарахь дикачу кхиамашца школа чекхъяьккхина, Соьлжа-ГIаларчу лоьрийн институте деша хIоьттира иза.

Цул тIаьхьа Ростов гIалара ординатура чекхъяьккхина, белхаш бира цо кеп-кепарчу дарбан хIусамашкахь. 12 шарахь белхаш бан ларийра иза. 2017-чу шарахь дуьйна Айдамиров Рамзан Республикан медицинан сихонан гIо кхачочу станцин куьйгалхочуг гIовс хаьржира.

COVID-19 пандеми махка кхаьчча, Рамзана цхьана дийнахь а дIа ца тесира шен белхан меттиг, дийнахь а, буса а болх беш тIаьхьа соьцура иза. Рамзан кхоьрура, шех лазар хьакхалахь, шен доьзална и дехьадаларна. Цундела вирус яржа йоьлча гIалахь петар лецира цо шена. Коронавирусо ша вожийча, Рамзана нене смс яхьийтира: "Нана, суна коронавирусах дарба карийна. Ахь кечбина кхача баа безаш хиллера, ма мерза ю ахь ен юург..." аьлла.

Цхьа дагахь доцург а хилла, Рамзан толур ву аьлла, тешна бара тIаьххьалц цуьнан гергарнаш а, бевза-безарш а. Амма, кхара сатуьйсург кхочуш ца хилира.

Стигалкъекъа-беттан 12-чохь кхелхира иза. Бахьана - коронавирус. 36 шо бен дацара цуьнан.

Рамзанан да-нана а, ши ваша а, йиша а, хIусамнана а, кхо кIант а висина. Воккхахволчу кIанта Адама шен дега олуш хилла, ша лор-кардиолог хир ву, ткъа хIинца, шен да кхелхинчул тIахьа ойла хийцина цо - вирусолог хила лаьа цунна.

"Иэсан тептаран" хьалхара дакъа. РогIехь оха дуьйцур ду кхечу лоьрийн кхолламех.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG