ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОСАГО системица хьарамлонаш лелочу хьалханчашлахь ю Къилбаседа Кавказ


Оьрсийчоьхь машенашца хуьлу зен меттахIотточу хьукматийн цхьаьнакхетаралло (РСА) рейтинг хIоттийна ОСАГО системера хьарамлонашца ахчанаш оьцучу регионийн. Хьалхара кхо меттиг дIалаьцна Приморски махко, ГIалгIайчоьно, Къилбаседа ХIирийчоьно.

РСА-н президента Юргенс Игора дийцарехь, и регионаш стохка а яра ОСАГО Iехочийн хьалхарчу могIаршкахь. Оцу бахьаница и мехкаш бу некъахьовзамашца доьзна уггаре дукха а, машенашца хуьлу зенаш бахьанехь Оьрсийчохь сов кест-кеста ахчанаш оьцурш а.

ОСАГО Iехорхойн могIаршкахь 5-чу меттехь ю Кхарачой-Чергазийчоь, 6-гIаниг – Дагестан, тIаккха – Нохчийчоь. 15-чу меттехь ю ГIебарта-Балкхаройчоь. Бозбуанчаллаш кхушара гIеххьачул лахделла Адыгейхь, Ростовхь, Краснодарехь, Ставрополехь.

Уггаре "цIенаниг" ю Алтай.

  • 2019-чу шарахь массо а мехкел хьалха яра ОСАГО-ца харцонаш лелорца Адыгей а, Краснодар-мохк а. Оьрсийчоьнан Банкан векалша чIагIдарехь, машенаш йоьхна, йохийна бохуш, аьшпаш а буьттуш, ахчанаш оьцучу наха некъ боьхку баккъал а зен хиллачу бахархошна компенсацеш хеннахь, боггIучу барамехь эца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG