ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтин урхаллин белхахочун доьзалера гIишлош дIаяьхна Новороссийскехь


Краснодар-мехкан кхело хийцам боцуш битина хьалхарчу инстанцин кхело Новороссийскера 46 миллион сов мах болу гIишлош пачхьалкхан долаерзо бина сацам. Бахаман да бу Пермь-махкарчу тайIарш кхочушдечу федералан урхаллехь болхбечу зудчун доьзал – цуьнга тоьшаллаш гул ца дан делла и хIусамаш эца шена ахча стенгара даьлла.

Дуьйцург ду лаьттан дакъа а, цу тIера ши хьешан цIа а – 3000 квадрат-метр. Оцу бахаман мах дуккха а совболу зудчо масийтта шарахь декларацеш хIиттош, ша даьккхина аьлла, гайтинчу ахчанал.

Шеконехь болу бахам дIабаккхар дехнарг ю Пермь-махкара прокуратура. Цо бахарехь, гIишлош хьанал ахчанах эцна хилар тIе ца чIагIдаделла зудчуьнга.

Кавказ.Реалиина билгалдаьлла лаьттах а, хьешан цIенойх а долу дов 2020-чу шо долалуш айдина хилар. Жоьпе ийзийнарш бу бахам боьхкина Дудко Евгений а, зуда а, майра а Пешин Тимофей, Соловьева Юлия. Набахтийн Пермь-макарчу урхаллин №59 йолчу дарбан хIусаман юрисконсульт йолу Соловьева хилла тендор эцнарг.

Новороссийскан Приморски кIоштан кхело бинчу сацамо гойту масех шо хьалха Соловьева Юлиян майрачо Новороссийскехь 3800 квадрат метр латта а 698 а, 362 а йолу гIишлош эцнийла. Пешина официалехь 2 миллион соьамах эна аьлла ду, амма баккъал а мах бу церан 46 миллсион сом лаххара а. Ткъа доьзало уьш эцале кхаа шарахь даьккхина ахча дац 2,4 миллион сом бен.

"Пешина эцначу гIишлойн мах дуккха а лахбаро гойту уьш шаьш ен харжаш ца йовзийта гIиртинийла, цундела кхеташ ду йохк-эцар моттаргIа юйла", – боху гIишлош доьзалера дIаяха бинчу кхелан сацамо. И сацам хийцам боцуш битина Краснодар-мехкан Лакхарчу кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG